ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигрантех лаьцна низам хуьйцур ду Германино


Германехь Меркел Ангелас куьйгалдечу ХДС партино Коьлнехь хилла къепедацарш бахьана долуш дIахьедар дина шайн махкахь тховкъело йоьхучу нахаца доьзна низамаш чIагIдан деза аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Ассошейтед Пресс" агенталло.

Меркелна хетарехь, мухIажаршкахула долчу низаманна тIехь хийцамаш баро гIо дийр ду Германина махкара арабаха низамаш талхош болу нах. Буьйцурш бу цхьацца зуламаш дина аьлла чубоьхкина хилла нах.

Меркел Ангелас бинчу хаамца, и хаттар дийцаре дан дагахь бу цуьнан партин декъашхой, шайн коалицин декъашхошца. Цул тIаьхьа иза къобул дийр ду парламенто.

Германина иза оьшуш хилла ца Iаш, иза оьшуш ду дукхах болчу мухIажирашна элира Меркел Ангелас шайн партин кхеташонехь.

ГIура-беттан 31-чу дийнахь Коьлнехь зударшна дина тIелетарш бахьана долуш рогIера йоцу Евробертан саммит дIаяхьаеза аьлла кхайкхам бина Словакин премьер-министро Фицо Роберта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG