ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу Iедалша вотсапехь бечу къийсамо балхара ваьккхина низам дохийна ши полисхо


Нохчийн ши полисхо дIаваькххина балхара, цу шиммо бехк боцучу стагана, иза корта бахош долу малар молуш вара аьлла, хIума динчулла тIаьхьа. Цара и зулам деш, лаьттачу видеокамеро дIаязйинера. Балхара дIаваьккхина, шай амалехь, телехьожийлехь гайта а гойтуш, сийсаза а веш

Схьагарехь Нохчийчуьра Iедалша санна, Оьрсийчохь цхьанна меттехь а хира дац, социалан маша тергоне лаьцна. Къаьстина Вотсапехь дIахьош болу къийсам, кху тIаьххьарчу беттанашкахь чIагIбина. Цундела, дог дIаьттIа, къамел динчу могIарерачу бахархошна хилла а ца Iаш, наггахь, оцу таIзаран кIела кхочу шаьш а Iедалан белхахой. Кху деношкахь а хилира иштта.

Цхьа ши кIира хьалха, социала машанехь яьржира видео, гIишлонна тIера яьккхинчу камеро дIаязйина йолу. Лаьттачу цхьана машена чуьра, полицин духарца волчу цхьаммо, уллерачу машена тIе хIоттадо малар чохь долу шиша. ТIаккха улле воьдуш-гена волуш, телефонаца суьрташ догIу. Хьогалла йоккхуш санна, боккха ши-кхо къурд а бо ша цу чуьра. Оцу видеонна комментари ечу цхьаммо дуьйцу, шена и машенан да вевзаш ву, иза цкъа а мелла а вац, олий. Доцца дийцича, и полисхо, ша низам дохийна волу машенлелархо гучуваьккхина аьлла, кхайкхо гIерташ дина хIума, хIинца иза а, цуьнца хилла накъостий а юьхь-Iаьржа а хIуттуш дIадирзина.

Уьш чоьххьарчу гIуллакхийн министралле дIа а кхайкхина, Оьрсийчоьнан низамхойн сел еза цIе а, лекха сий а бехдеш уьш кхин ца лоьлуьйтуш, уьш балхара дIабаьхна.

Цхьана хенахь Нохчийчохь, карахь тоьпан биргIа йолчуьнгахь дара Iедал. Иза, да а, эла а вара некъа тIехь. Тахана и сурт хийцаделлехь а, наггахь бовлу царна юккъера лакхахь буьйцуш болу полисхой, аьлла Маршо радиога дийцира Соьлж-ГIалара вахархочо Исмаилов Зеламхас.

Исмаилов: «7-8 шо хьалха,низамхошна юккъахь харцо юьйцура йолуш дуккха а нах бара. ХIинца и хIуманаш дац. Эцца, оьзна, я мелла хиллехь, я цхьана хIумано галбаьхна хила а мега уьш. Схьагойтуш а ма буй уьш, балхар дIа а баьхна уьш хIинца».

Социалан машанехь Iедалш дIахьош къийсам боллушехь, цуьнах ца уозалуш, цхаьцца нахана оцу Вотсап-чухула къамелаш дарна цецволу Соьлж-ГIалара вахархо Исмаилов Зеламх. Сема а, собаре а хила веза, аьлла хета цунна.

Исмаилов: «Хьалха цхьацца террористаш а, тIемалой а бу олий дуьйцура. ХIинца, Вотсап-чуьра нах бу буьйцуш. Дуккха а тобанаш а ю цу чохь кхоьллина. Оцу Вотсапах доккха зулам дола-кх нахана. Iедало иза ларъеш юй а, цаьрга мел дуьйцург дIакхочуш дуй а хуъшехь наха тIаккха а иза яьржайо-кх».

Низам дохийначуьнна таIзар данца деза бохург, цхьанна а хьесапе эца мегар долуш адам дац. Амма и таIзар догIучарна массарна а деш хилча, дика дара бохуш къайлахь дуьйцу наха. Вотсап чуьра къамелаш, хIинца, Советан пачхьалкхехь санна, доьзалан чуьра кхин гена ца долу. Берашна хьалхахь а, экаме лоруш долу политикех хIумма а ца хьахадо дай-наноша.

XS
SM
MD
LG