ТIекхочийла долу линкаш

Керлачу шеран ши кIира а дузале коьртах девлла Нохчийчохь лакхадуьйлуш лаьтта мехаш.

Тай-махий санна цхьаьна дозалла, вовшашца дозуш лору дукхахболчу нохчаша сом дай а луш, Цхьаьнатоьхначу штатийн ахча даздалар а, хIора а кIирнах бохург санна, массо хIуманна а тIебетталуш лаьтта мехаш а.

Кху шеран чекхдаьлларг иттех де бен дацахь а, бахархоша далхо даьхна ,совса биллина бод санна маса лакхадуьйлуш лаьтта мехаш. Кху деношкахь шена тергалделлачух дуьйцуш ю Старопромысал кIоштера йохкархо Балиева Айнаъ.

Айнаъ: «Деккъа хIоьашна тIекхетта-кх ши туьма. Хьалха 65 соьмах дара итт хIоа хIинца 85 доьху. Ишта дазделла Iежаш а, юьхь а. Герггарчу барамехь 15-20% язлуш ю-кх массо хIума а».

Мах тIе а ца кхеташ дуьсуш дац ур-атталла лазархочунна ца хилча ца довлу молханаш а. Ша мича, муха хьажо а, декъа а деза шен йоI –заIапхочунна догIу 15 эзар пенси ца хууш холчохь ю, и йоI бахьнехь балхах а йоьхна,цуьнан доладеш цIахь Iаш йолу Соьлж-гIалин кIоштера Лайлаъ. Кхачанан сурсаташна мехаш тIедеттадалар санна халонга даьлла цунна молханашна мехаш алсамбахар а.

Лайлаъ: «ЧIогIа дазделла массо молха а. ХIинца кхин мехаш ду-кх. Ас кху йоIана оьцуш долу молханаш 700-800 соьмана дазделла-кх. Башхалла йоккха ю. Цунна догIу пенси сан ах сов молханашна дIадоьдуш ду-кх, даа-мала доцуш».

Махкахошна Iаткъаме, чаккхе а йоцуш мехаш хийцаме дийлар Оьрсийчуьра экономика гальярца а, цхьа гIуллакх а долийна цхьаъ дан гIертачарна Iедал гIо дан сиха цахиларца а дузу соьлжгIалахочо Мурзаев Iадлана.

Iадлан: «Мехаш лакхадуьйлу чуйохьуш йолу хIума «гIарчI» аьлла сацийна дела. Чохь кхиош долу хIума кхачо йолуш дац. Кхиош хIума ца хилча йохка а ма ца хуьлу. Экономика хIаллакйина».

Цхьаболчарна хетарехь мехаш тIедеттарехь жигархой а хилла каде хьийзаш бу шаьш туьканийн долахой. Шайна тахана хуьлчу пайденна бен тIаьхьалонан ойла а ца еш, цара шайггара а лелайо цхьайолу хьарамлонаш аьлла хьажам болчех ю Новр кIоштера пенсахо Загаева Марет.

Марет: «И доллар даима а ду охьа-хьаладуьйлуш лаьтташ. Цуьнга хьежаххьа-м уьш мехаш тIебиттина а бевр бац. Уггар дукха оьцург,цаторш ерг хIун ю? Чай, шекар, даьтта, дама ду-кх. Царна а тIебеттабелла мехаш.

Стохкалерчуьнга хьаьжча чай, масала, кхин оццул а тIе а тоьхна даздина. Пенси долчо-м цхьа лол беттар бара. И догIуш доцчара хIун дан деза? Оцу туьканашкахь болчара а ма бетта мехаш тIе и пуьташ а буьттуш, къера дуйнаш а бууш».

Iамерикан доллар ахча даздаларх а, цуьнца доьзна кхачанан сурсатийн мехаш лакхадийларх а, гIийла бохкучу мисканашка гоьналлин куьг кховдо Iедалхой сиха цахиларх а мелла а шуьйра дийцира ТIехьа-Мартанан кIоштерчу Маржана.

Маржан: «Цу долларца а дузуш лакхабохуш бу мехаш. Юучух аьлча, чIеран мах чIогIа лакхабаьккхина. Стоьмийн мехаш а ишта. Лимон хIун хила еза. Мел жимчух а 3-4 туьма доьху. И доллар даздаларе хьаьжжа, цуьнца нисдеш и алапаш а делхьара, пенсеш, пособеш а елхьара».

ЦIе яьлча санна тIедетталуш лаьттачу мехийн хьокъехь къамелаш динчу бахархоша ма-диццара, кхетамна а, синхаамна а вуно чIогIа, лазаме тIеIаткъам а беш бале долург ду, кхана-лама, кIира я бутт баьлча, гIадал гIаддайча шо даьлча, лакхадуьйлу мехаш,хIоккху цхьана зил-дозанехь совцур ду-кх ала, цхьа гIийла хилла а дегайовхо цахилар.

И дегайовхо кхолла, нахе дикане сатийсийта, дIо-о анайистехь гуш чиркх-серло ю ала, хIоккху хена и серло вайна а кхача тарло ала охIла хуьлчух тера дац Кремлах децIа тарделла Iаш болу Iедалхой а.

XS
SM
MD
LG