ТIекхочийла долу линкаш

Керла шо даздечу буьйсанна Германехь. мигрантийн тобанаша лелийначу къепедацаршна гуонах скандал кхин дIа а яьржаш ю

Хетарехь, хьастагIа, Керла шо даздечу буса немцойн Коьлн гIалахь эзар герга Къилба Африкера а, Гергарчу Малхбалера а орамаш долчу наха лелийначу долчу къепедацарийн йилбаз-мохь кхин а гена базлур болуш бу йоллучу Европехь, шена тIаьхьа низамашкахь цхьа могIа хийцамаш а, юкъараллехь тIебаьхкинчаьрца болу хьежамаш талхар а дохьуш.

Цу буса маларо бахийначу кегийчу наха, доккхачу декъехь тIаьхьарчу беттанашкахь мухIажарийн тулгIенца схьа а баьхкина, Германехь тховкIелоне ладоьгIуш мигрантийн юкъараIойлашкахь Iашболчу, лелийначу талорийн бакъдолу терахь де дийне мел долу лакхадолуш ду.

Нагахь санна хьалхарчу деношкахь Iедалхошка мигрантех лаьттачу бандитийн тобанаша шайна дуьхьал зуламаш лелорна наха, доккхачу декъехь зударша, бина хилла латкъамаш бIе герга хиллехь, хIинца церан терахь ялх бIел совдаьлла.

Коьлнера къепедацарш талорхоша буьйсанна лелийна хиларна а, уьш яккхийчу тобанашкахь хилла хиларна а, ткъа урамашкахь цу буса иттанаш эзарнаш нах хилла хиларна а, вуно хала ду маьттазлонийн декъахилларш карон.

ХIетте а, хIинцале а 30 стаг сов лаца кадаьлла полисхойн. Кхин дIа берш, цу буьйсанна яьхна йолу видеош а, сарташ а теллинчул тIаьхьа, шайна карорг хиларх, царна массара а хьакъ долу гIуданаш кхочур хиларх а тешна бу немцойн Iедалхой.

Зуламхошна хьакъ долу гIуданаш а, низамо магочу кепара таIзарш а дан догIу аьлла хеташ бу Германехь бехаш болу вайнах а. Кху деношкахь, и маьттаза къепедацарш Коьлнехь мигранташа лелийна хилар гучудаьллчу дуьйна схьа, делахь, ма дика ду-кх вайнах цу декъа ца хилла бохуш, вовшашца дийцаре до и хIума цу гIалахь бехачу нохчаша, бохуш дийцира Маршо радионе Коьлнерчу Джабраилова Еситас.

Зуламийн декъа хилларг массо а чуволла веза аьлла а хета цунна, уьш муьлхачу къомах я динах белахь а.

Джабраилова: „ЧIогIа вуо хIума ду цара цигахь лелийнарг. И хIума юха тIаккха кхузахь бусулбачара дина бохуш, дуьйцу. Цо нахана юккъехь гамо кхуллу. Метро чу йоьссича, цхьаццаболчара схьа а гойту шайн гамо а, шайн кхерар а. Кхеран бехк а бац, кхарна ма ца хаа бусулба ларалуш хиларх нах иман долуш а, доцуш а хуьлийла, массо а бусулбаниш цхьатерра бу моьтту кхарна.

Соьга хаьттича, ас и зуламаш лелийнарш массо а лахьийна чубухкуьйтур бара. Ша тIамах ведда кхуза схьавеънарг, иза со елахь а, милла а велахь а, тийна Iе веза, кху пачхьалкхан низамаш а лардеш“.

Цу юкъана аьхка дуьйна цхьа миллион сов мухIажар тIе а лаьцна, уьш Iалашбарца ларон гIерташ йолчу Германин бахархой вуно цецбевлла шаьш сел йовхонца тIеэцначу хьешаша и тайпа маьттазлонаш лелон йиш ю бохучух.

Юкъараллехь яьржаш ю оьгIазло, шайн немцойн полисхошна дуьхьал а – цара бахархой, уггаре а хьалха зударий, бандитийн эвхьазбийларх лар ца бина, аьлла.

Амма иштта мигранташна дуьхьал а – нагахь санна уьш боккъал а, цара ма-дийцара, тIамах а, баланех а бевдда баьхкина хиллехь, царна дага догIур дацара и тайпа зуламаш шаьш тIеэцначу махкахь лелон, хетарехь, и талорхой богIушехь куталш а, зуламаш а лелон Iалашонца баьхкина хилла Германе – иштта ю юкъараллехь яьржаш йолу ойла.

И ойла жигара аьтто-радикалан а, нацистийн а хьежамаш болчу наха социалан машанашкахула дебош а ю.

Цуьнан жамIаш хIинцале а хаалуш ду оццу Коьлнехь а: цкъачунна муьлш бу ца хуучу ткъех стагах лаьттачу немцойн кегирхойн тобано тIелатарш динера пхи-ялх пакистанхочунна.

И хаам бинчу немцойн Экспресс газетано яздарехь, пакистанхойх шиъ чевнашца лоьрийн цIийна кхачийна. Цу сарахьехь кхин цхьа меттигерчу бахархойн тобано йиттина Шемара Германе схьавеана вехачу цхьана мухIажарна.

Иза а кхачийна чевнашца лоьрийн цIийна.

И санна йолу бекхаман акцеш юкъараллехь ца яржийтархьама бахархошка собаре хиларе кхайкхамаш бо немцойн урхалло, канцлере Меркел Ангеле кхаччалца.

Оршот дийнахь гIарделира, иза масех де даьлча Швейцарерчу Давосехь дIаяхьа леринчу дуьненан экономикан форуме гIур яц, Коьлнехь хиллачунна гуонахьара хьал теллалца бохург.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG