ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: «Европано оцу санкцех абсурдан театр йина...»


Украинан гIуллакхашна юкъагIортарна, ГIирманна анекси ярна Оьрсийчоьнна Малхбузено тоьхна санкцеш абсурд ю, аьлла президента Путин Владимира. Оршоьтадийнахь немцойн Билд газетна интервью луш «Европано оцу санкцех абсурдан театр йина», ГIирмин бахархоша Украинах дIакъаьсташ шайлахь референдум йира, иза демократи ю, нехан лаам бу», бохура Путина.

Ткъа Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино тоьшалла до, референдум ГIирмехь лаьтташ оьрсийн эскарш а долуш дIаяьхьира, бохуш. Оццу бахьанийца 100 пачхьалкхо къастамбира, Оьрсийчоь ГIирмица долчунна харц ю аьлла.

Ткъа Украинехь 9000 сов адам тIемашкахь даллорна бехкейира Путина ша Киев. «Билдна» ша динчу къамелехь оьрсийн президенто дуккхаъчу пачхьалкхийн Москохца юкъаметтигаш шелъяларна бехкейира Малхбале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG