ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу школера бераш дайъина Оьрсичоьнан кеманаша


Лаххара а 12 бер дийна Оьрсийчоьнан кеманаша Шемин къилбаседанерчу Айн ХIара гIалахь школина тIе ракеташ йиттина оршоьтан Iуьйранна. Хаамбийриг ю Лондонехь куп тоьхна шемахойн-бакъоларъярхойн центр. Цара чIагIдарехь, велла 3 хьехархо, чевнаш йина 20 стагна.

Алеппона гена йоццучу Айн ХIара гIалахь лаьтта перзидентна Асад Башарна дуьхьаллаттачу оппозицин дакъош, царна тIе герз тухуш хилла оьрсийн кеманаш. Лондонерчу монитораша дийцарехь, ши эзар кхо бIе стаг вийна Кремло Шема хьийсийначу кеманаша кхаа беттачохь. Байинчех бархI бIе стаг ву маьрша вахархо. Кремло бакъ ца до ша шен кеманаша маьрша шемахой бойу бохург.

XS
SM
MD
LG