ТIекхочийла долу линкаш

Шинарин Iуьйранна Истамбулан коьртачу майданахь динчу эккхийтарехь велла 10 стаг, чевнаш йина 15.

Султанахьмад цIе йолу майда а, изза цIе лелош йолу кIошта а Истамбулехь уггаре а хазчех ларалуш ю. Шех „Шира гIала“ олучу меттехь Iуьллучу цу кIоштанахь ю доллучу дуьнентIера туристаш дела денна шега хьовсу оьху цхьа могIа историн а, динан а, архитектурин а хазнанаш.

Масала, Соьлжа-гIалара „Нохчийчоьнан дог“ маьждиг шех тардеш дина долу Сийна маьждиг а, бизантийн заманахь йоьттина йолу гIопа гIишло Айа Софийа а.

Ю цигахь иштта Топкапы музей а, шена чохь уникале, дуьненчохь цигахь бен йоцу бусулба динан а, адамаллин историн а мехалаллаш а йолу, масала, Пайхамаран, Дела салам хуьйла цунна, мухIар я цуьнан йоьIан ПетIаматан коч, ПетIаматан кIентан Хьусейна лелийна чоа, иштта дIа кхин а.

Цу хазнашка хьовса инзаре дукха туристаш цига оьхуш хиларх терра сахилча дуьйна схьа зингат а санна дукха адамаш а хуьлу цигахь лелаш. Цундела кхеташ ду, Истамбулехь эккхийтар дан Iалашо юхьара лаьцначу террорхоша и талор Султанахьмад кIоштанахь дар ма -хьуллу иза лазаме а, зене а хилийтархьама дуйла, ка ма-доллу алсамох нах байъархьама, лазорхьама а.

Амма иштта террорхошна шал шера хууш хиллийла а, цу меттехь хIора дийнахь Малхбузера а, доллучу дуьнентIера а туристаш лелийла, ткъа цундела шаьш цигахь эккхийтар дича цу зуламан закъалташ кхечу пачхьалкхашкара, уггаре а хьалха Европера нах хир бу бохучун цара ойла йинийла а.

Иштта нис а делла иза. Iуьйранна Туркойчоьнан хенаца 10 сахьт даьлча оьккху молханах воьттина волчу цхьана жимчу стага, туристийн тобанна улле а вахана, эккхийтина шен юкъах дихкина долу Iожалхочуьн доьхка.

Чехкачу орцан лоьрийн машенаш оцу сохьта бохам хиллаче кхаьччехь а, мел кIезга а, итт стаг вийна эккхийтаро. Иштта ткъех стаг дерачу чевнашца лоьрийн цIийне а кхачийна. Баъйинчарна юккъехь, тайп-тайпанчу хьостанаша чIагIдарехь, масех немцо ву, цхьа норгхо а, ткъа иштта меттигера бахархой а бу.

Хиллачун хьокъехь телевизионехула къоме вистхиллачу туркойн президента Эрдоган Реджепа дIахьедар дира, и зулам динарг Шемара Iожалхо ву. Ша и талор емал деш хилар а олуш, Эрдогана билгалдаьккхира, хиллачун талламаш хIинца а беш бу, цу зуламна тIехьа лаьттарш туркойн Iедалхошна карор а бу, аьлла. Iедалхой карарчу хенахь Iожалхочуо пайда эцна долу оьккху молха толлуш бу, иза мичара даьлла а, хьан мичахь кечдина дара а къасторхьама.

Шех, Iожалхочух аьлча, иза мила ву хIинцале а къастон кадаьлла туркойн полисхойн. Меттигерчу Хурриет газетано яздо, иккхинарг 27 шо долу шемахо ву, иза мила ву хаа кадаьлла цу стеган декъан дакъошца, духарийн кийсакашца а талламан белхаш бинчул тIаьхьа а, бохуш.

Туркойчохь тIаьхьарчу хенахь масех эккхийтар динера радикалан исламхоша а, ДаIиш тобан агIончаша а, ткъа иштта кхурдойн сепаратисташа а. Царех уггаре а къизаниг даханчу шеран гIадужу баттахь хилира – хIетахь Хонкарехь машаречу демонстраце арабевлла хиллачу нахана юккъехь эккхийтар дар бахьана долуш I00 герга стаг вийра.

Ткъа ГIура-баттахь цхьаъ санна кхо террорхойн зулам хилира Истамбулехь. Царех цхьаъ Сабихьа олучу аэропортехь бомба эккхийтар дара, важа Малтепе олучу метрон станцина уллохь эккхар дар дара. Кхин цхьаъ вуно къайлене хIума хилира гIурабутт бовш Украинера лоьмарш тIехь йолу цхьа кир лелон машен эккхарца. Цу кхаа хиламехь, цхьадика, дукха адамаш ца дойъуш я ца лаздеш дIадирзинера.

Ала догIу, Туркойчоь Шемица доза долуш хиларна а, ткъа иштта иза Цхьаьнатоьхначу Штаташца а, кхечу пачхьалкхашца а цхьана ДаиIшна дуьхьал коалицехь дакъалоцуш хиларна а, и мохк муьлхачу а хенахь террорхойн тIелатарийн Iалашо хила йиш юйла кхета Малхбузехь.

И бахьана долуш Европерчу пачхьалкхаша шайн бахархошка Туркойчу бахар дита аьлла кхайкхам ца бинехь а, амма дукха адам гуллучу меттигашкахь ца лела хьехарш дора.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG