ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчоьнан коьртачу шахьара Магасе чувуллучахь «Аланийн ков» аьлла тIехь йоза а долуш йоккха керт хIоттина. Ткъа ца тайна и кеп луларчу ХIирийчоьнна. Стенна?

Шаьш аланийн тIаьхьенах ду аьлла гIалгIаша тахана дIакхайкхина дац. Магас-гIала, хIинца ГIалгIайн мехкан коьрта шахIар йолу, цхьана геннарчу исторера дуьйна лоруш ду, иштта цIе аланийн коьрта гIала а хилла аьлла.

Цундела Европехь а, кхечу дуьненан дакъошкахь йоккха лар йитинчу аланийн тIаьхьенах шаьш ду алар, хьенна а дозалла хила мегар долуш лору историн Iилманчаша.

ГIалгIаша Магас йиллале а, аланийн цIе тIеоьзна ю хIирийша. Аланашца гергарло ду аларал сов, хила мегара аьлча а ца мегаш, и цIе шайн дола ерзийна цара.

Цундела цецволийла дацара ГIалгIайн махкахь «Аланийн ков» схьадиллича, цунна тIаьххье, шайн оьгIазло лачкъа а ца еш, хIирийн лаккхарчу даржхоша и хилам емал а беш, шаьш истори луъ-луучуьнга юха язйойтура яц аьлла дIахьедар дича. Иштта кхайкхам бира Къилба ХIирийчоьнан чакхенгахь Алания аьлла тIетоха деза аьлла.

Муьлша бу аланаш, хIунда гIерта къаьмнаш церан цIарца шай таханлера истории юза, аьлла Маршо Радионо къамеле ваьккхира нохчийн историк Демелханов Сулейман. Цо шена хетарг иштта довзуьйту.

Демелханов: «Шайн бен аланаш дай ца хилла бохуш, кхечеран иза ала йиш яц бохуш, гIовгIа яьккхина бохкуш бу хIирий. Историн Iилманехь къовсаме долуш хIума ду иза. Дукха Iилманан белхаш бу, шаьш хIирийн Iилманчаш а, Оьрсийчуьра а, Европера а, Iамеркера а бохуш ду, аланийн орамаш дукха даьржина ду аьлла. Политикаца доьзна делахь а, Iилманца-м доьзна хIума дац: «Тхо бен аланех дац» бохург".

Тахана а кхоччуш олийла дац аьлла хета историкна Демелханов Сулейманна, аланийн тIаьхье хIара къам ду, я важа къам ду. Цара дола ерзийна дукха инзаре яккхий меттигаш хилла. Амма шена тIе а чIагIдеш ала йиш ю боху цо, цхьана къомо, аланаш шаьш бен дац аьлла кхайкхор, иза нийса цахилар.

Демелханов: «И юргIа шена-шена тIеозар нийса дац. Иза КъилбаСеда Кавказан юкъара истори ю. И аланаш бевзаш хилла Европехь, Къилбаседа Африкехь. Церан истори евзаш ю Британехь, Францехь, Испанехь. Каталонехь Аланийн шо аьлла билгалдоккхуш ду.

Мехалла хIума ду иза. Дозалла хир ду иза. Нохчийн олуш ду: «Вуочу тIаьхьено дика дай буьйцу». Вон тIаьхье ю ала а ца лаьа суна, амма 13чу бIешарахь бен хIирийн истори кхин хаалуш а яц. Латта а хила мега цу юкъахь. ГIалгIайн латта дIа а лаьцна Iаш ма бай уьш».

Аланийн цIе къовсур йолуш нохчий а бара, амма церан керлачу исторехь аьтто ца баьлла шайн бухе кховда а, таллам бан а, цуьнах жамI дан а. «Мел дукха «хьовла» бахарх багахь марза ца хуьлу», бохучу кицанахь санна, хIун ло оцу аланийн цIаро хIинца долчу къомана?

Хир юй и марзалла «Аланийн ков» хIоттийначарна а, шаьш бен аланаш кху дуьненахь кхин цхьа а вац бохучарна а, гойтур ду замано.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG