ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно тховкIело яла тарло Асадна


Шемин президентна Асад Башарна шен мохк дIатаса тIедужуш нислахь, Оьрсийчоьно тховкIело яла тарло, аьлла дIахьедина Путин Владимира ша еллачу интервьюхь. «Дуьстича, Сноуденна тховкIело яла хало дара, эшна меттиг нислахь Асадна яларал а» - боху цо, кхо шо хьалха Iамеркан Штатийн къайленаш Iора а яьхна ведда Оьрсийчохь дIалечкъина прораммист а хьахош.

Машаран дуьхьа Шема Асад Башара дIатосуш нислахь, иза Оьрсийчоьно къайлавоккхур вуй боху хаттар хеназа ду хIитто - халкъо кхаж таса беза, буьту Асада шен мохк я ца буьту, аьлла».

Шена Асада баккъал а зуламаш дина моьттура юьхьанца, амма ша хIинца кхетта, конфликт оццул генаяьлла хир яцара оцу махка арахьара чу герз, ахча кхоьхьуш, тIемалой ца баржийнехьара, боху Путина шен интервьюхь.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG