ТIекхочийла долу линкаш

Парижехь гайтамехь лаьттина зударийн тIоьрмиг лоьху Оьрсийн полицино


Москох полицино леха волийна «Газпроман» хIусамаш чуьра нехаш йохучу зудчо карахь лелабе тоьрмиг лачкъийнарг. Крокодилан чкъурах бина кхо бIе эзар сом доьхуш бу тоьрмиг, полицино бахарехь. Киевон шоссе тIехь, Румянцево юьртана гергарчу супермаркетна уллехь лаьттачу «Газпромехь» нехаш йохучу зудчун машенан кор а дохийна къолахоша баьхьина тоьрмиг.

Оцу Диор тоьрмигца цхьана лачкъийна банкан картанаш а, кехаташ а. Оьрсийчуьрчу пхьерашкара эцале Парижехь гайтамехь а лаьттина хилла «Газпромерчу» нехашъяхархочун байна тIоьрмиг.

XS
SM
MD
LG