ТIекхочийла долу линкаш

Обама Барак: Кхиина ца йовлу пачхьалкхаш ю кхераме


Iамеркан президент Обама Барак, 2016

Iамеркан президент Обама Барак, 2016

КIайчу ЦIийнехь Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан вистхилар

Кхаарийн Iуьйранна Вашингтонехь КIайчу ЦIийнехь хIора шарахь а хуьлуш ма-хиллара, конгрессменашка а, халкъе а вистхилира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Обама Барак. Пачхьалкхехь лаьттачу хьолах а, 2016-чу шрахь кхочушдан лерийнарг довзийтар а яра президентан вистхиларан Iалашо.

Уггаре боккха толам лору президента дуьненаюкъара терроризм эшалур йолуш юйла гайта аьтто балар, Дуьненан ШолгIа тIом бирзичхьана цул боккха кхерам бац адамашна тIехь лаьттина, иза юхабаккхар коьрта Iалашо а ю, бохура Iаьмеркан президенто.

«Хьалхарчу приоритетехь Iаьмеркан халкъ Iалашдаррий, террорхойн машанаш бохоррий ду» Ал-Къаида», «Исламан пачхьалкх» тобанаша нийсса дIа кхерам бохьу вайн бахархошна», цундела йохийна хила а еза, карарчу мурехь Штатийн эскарш Иракъехь, Шемахь, ОвхIанистанехь и Iалашо кхочушъеш а ду, элира Обамас.нехь

Дуьненна ша коьрта лору терроран проблема а хьахийна, Iаьмеркан чоьхьарчу хьелашна тIе, халкъан могашаллина, тIеберзийра шен тидам Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто. Къоман Iалашо ю рак эшор.

Оцу балханна ша хьалхавоккху шен гIовс, вице-президент Байден Джозеф, «Рак даиманенна а доьза яйна мохк бан беза вай Iамерках» - элира Обама Барака.

Терроризм, къоман могашалла йийцинчул тIаьхьа, кхоалгIачу меттехь яра Цхьанатоьхначу Штатийн президентан арахьара политика. Карарчу заманахь кхераме «зуламан импереш яц», хилла ца йовлуш, исторехь сийсаш хьийза пачхьалкхаш ю, Обама Баракна хетарехь.

Ткъа хьалхара ларалучу пачхьалкхаша дуьненна бечу Iаткъамах ойла йича, Обама тешна ву дуьненан юкъараллин лидер яц Оьрсийчоь я Китай, иза Iаьмеркан Цхьанатоьхна Штаташ ю бохучух.

Хьал листа дезаш нисделча, юкъараллаша Москох я Пекин ца кхойкху гIоьнна, Вашингтон кхойкху, элира Обамас.

Конгрессан Векалийн Кхеташонехь, цуьнан а, Сенатан а, Лакхарчу кхелан а, Министрийн Кабинетан а декъахошна, дипломаташна, инарлашна хьалха дира Обама Барака ша президент хиларе терра, цо шарахь цкъа Iалашонаш къастош цаьрца деш хуьлу къамел

Дахначу шерашкахь а санна, конгрессменашка а, къоме а вистхиллачул тIаьхьа Обама Барак лерина ву Луизиана, Небраску штаташка кхача.

Дахначу шарахь баккхий кхиамаш хилла цигахь, белхан меттигаш алсамйовларца а, бахархойн могашалла лакхаяккхарца а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG