ТIекхочийла долу линкаш

Тахана вайнехан юкъараллехь, шена гонах йоккха гIовгIа а лаьтташ, дийцаре дечех ду, бIеннаш нехан пенсеш сецор.

Сила-а йолчу Оьрсийчохь шаьш уггаре а ирсе лоруш берш нохчийн пенсионераш бу. Цунна тоьшалла до "Оьрсийчоьнан пенсионер» цIе йолчу хааман-аналитикан центро дIабехьначу талламаша.

Пенсионерашлахь ирсенаш лохуш цу центро 8 баттахь зераш дина боху Оьрсийчоьнан кIошташкахь «Шаьш ирсе лорий аша?» хаттарна жоьпаш гулдеш.

Цу центро хааме даьккхинчу терахьашца, кхечеран даха дог а я сатийса бахьна а доцуш,хьалхара меттиг дIалаьцна Нохчийчоьнан пенсионераша.

И жамIаш Iорадаьхначу «Известия» газето чIагIдарца 90% гергга нохчийн пенсинераш шаьш ирсан дай хеташ бу. Ирсе хеташ бу Къилбаседа Кавказехь луш долчу пенсин тIегIа (герггарчу барамехь 10 эзар сом) ерриг пачхьалкхехьчул хаъал лахара доллушехь. Нохчийн пенсионераш санна шаьш ирсе ца хета ГIалгIайчоьнан а, ДегIастанан а пенсионерашна.

Нохчийчоьнан лулахой белахь а царна мелла а «кIезиг» кхаьчна ирсан дакъош 77-й, 73-й проценташ.

Стенна делахь а Нохчийчоьнаца доза долчу Ставропол махкахь а бац бIена юкъахь ирсе пенсионераш нисса ах а - 48% бен.

2014-чу шеран гурахь, ГIадужучу-беттан 4-чу дийнахь къинхьегаман а, дахаран социалан хьелаш кхиоран а министаралло гIардаккхарца мехкан «ирсечу» пенсионерашлахь 175 эзар сов з1едалаьIапхо ву шайлахь 60 эзар сов бер а долуш.

МаьхькIамхоша чIагIдарца, хIора шарахь церан могIарш 10-15 эзар стаг тIе а кхеташ дукъдалар хьесапе эцча, могушалла гальяьлларг 200 эзар гергга хила веза.

Церан, цхьацца лазарш бахьнехь пенси оьцуш болчеран, могIарш лилха даха Iалашо лаьцначух тера ду Iедалхоша. МогIарерчу нахана хетарехь, гуш йист йоцуш, пачхьалкхера кризис бахьнехь, Москохара охьа омра динчух тера ду, цецах чекхбохуш санна, пенсионераш «литтар» тIедожош.

Цуьнца дузу бахархоша массо кIошташкахь бIеннашкахь нахана ахчанаш дIа ца луш сецадар. Официалан а доцуш Кремлера охьа хила тарло цу могIарера сацам аьлла шеко кхобучех ву Шелан кIоштера 2-чу тобанан пенсахо-заьIапхо, Чернобал бохам дIаберзош дакъалаьцна Муса.

Муса: «И пенсеш сецор бахьнехь тешнабехк хилла дукха нах бу. И пенси доцург церан хIумма а ма дац тIедогIуш. Амал дацарна воьдуш ма ву пенси дуьнентIе мел волчу лоьрех а волий. Массо агIо шен токхамаш бан беза дела ма воьду стаг пенси, етт бухкий и доладалийта гIерташ.

Мах боцуш деш цара а ма дац. ТIаккха а хIинца и сецо буьйлабелла. Тешнабехк бар ду-кх. ХIокхунна,оцунна аьлла схьадуьйцуш а дац. Цара лелочунна тIаьхьакхиа говза а ма бац цхьаболу бахархой. Цара шайна ма- луъу хьийзадо-кх иза. И нийса доций хаьа, амма дан хIума-м дац».

Москохарчу куьйгалхошна хууш а,церан аьллар-лаамца сецош а дац пенсеш,меттигерчу хьаькамаша-маьхькIамхоша шайггара шайна пайденна лело хIуьмалгаш ду аьлла тешарш а дукха бу. Царех ву нах дIасалелош, таксахо болх беш волу пенсахо Ибрагимов Мусайп.

Мусайп: «Москвара охьа хIума ду аьлла ца хета суна и пенсеш сецор. ХIокхара шайггара лелош хIуманаш хета суна-м. ХIоккхул ахча Iедалан бохчи чохь дисна ала лелош хIуманаш ду. Нах хьийзош бу,нахехь яллориг къизалла ю.

И пенсеш даха гIерташ банкашкара кредиташ эцнарш дукха ма бу. Цара хIун дийр ду хIинца? Такха ма деза кредиташ. Харц эцна боху пенсеш,ладогIахь. И пенсеш,мухIарш а детташ,доладалийтинарш муьлш бу? Уьш карош а бац боху.

Бахьанаш ду-кх нехан пенсеш сацо. ХIинца сагIа деха ара ца бовлахь я гулам-митинге ца хеттахь церан кхин некъ бац. И митинг яхь а уьш бойур бу-кх. Нийса делахь а дацахь а пенси бохуьйту шайна ахча деза дела. Тешнабехк бина нахана хаза неха санна а беш . Дера бина…»

Хууш ма-хиллара кхузахь зеделла хIума ду, барта омра а деш, низамаца мел морзахе нислуш делахь а, урхалчийн аьллар-ойла дахаре ерзор.

Чот йоцуш дукха ду цунна масалш, балха тIехь бахчабелла хенара хьехархой дIа а бохуш, хIумма а ца хуурш дIа а хIиттийна ишколаш чIана яхар санна.

Цу «тIегIанара» цхьаъ хила а тарло бохуш Iаш бу цхьаберш. Дагахь хIуъа а делахь а, вовшашна йоьлуш го нус марнаний санна, нускалан кеп ларьяр коьрта ламаст хилла дIахIоьттина кхузахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG