ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажаройн хIордхой дIахецна Iамерко


Деношкахь ГIажаройн Айманехь йийсаре лаьцна Iамеркан 10 хIордхо дIахецна ТехIерано. И хаам баржийна «Рейтер» агенталло ГIажарийчоьнан Пачхьалкхан телевизионна тIе а тевжаш. ТехIерано емалдира Iамеркан Iедал шайн хин дозанашкахь кеманаш сецош хьийзарна. Цул совнаха, ГIажарийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Зариф Джавада Цхьанатоьхна Штаташ декхарейо шаьш къинтIера даха.

ГIажарийчоьнан тIеман эскарийн буьйранчас, инарла-майора Фирузабади Хьасана элира, шайн хIордакеманаш совцоро талхайо иштта меттаяхка ца туьгу шина пачхьалкхан юкъаметтигаш. Дахначу кIиранах Iамеркахоша йийсаре лаьцначу гIажаройн хIордхошлахь 9 стаггий, 1 зудий дара. Iамеркахоша шайна тIехь тергоярх шеко йолуш совцийна кеманаш, ТехIерано бахарехь, дохар бахьана долуш севцца, цундела Iамеркахошна шеконе девлла а хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG