ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанерчу эккхийтарехь нах байина


Франс Пресс агенталло бинчу хаамца, мел лаххара а 15 стаг велла Пакистанан Къилба-Малхбузехь динчу эккхийтарехь. Агенталло чIагIдарехь, Кветта гIаларчу полиомиелитна дуьхьал вакцинаци ечу центрна уллехь дина зулам. Беллачех 12 полисхо ву, цхьаъ - тIемало, важа - маьрша вахархо.

Кхин а 10 стаг чевнаш йина дарабанан цIийне а кхачийна. Сандеман гIаларчу дарбанан цIийнан лоьро тIечIагIдина и терахьаш. Белуджистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Бугти Сарфараза хаамийн гIирсашка дийцира хиллачу зуламах а, шаьш бечу талламех а лаьцна. Цкъачунна цхьана а тобано тIе ца лаьцна дина эккхийтар.

XS
SM
MD
LG