ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан хиндерг деа хаттарца дозу


Халкъе лидеро шарахь цкъа деш хуьлу къамел дIасакхачийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака. Ша коьртехь Iачу 7 шера чохь Штаташ фининсийн-экономикан кризисах хьалхаевлла, толамца дIаяьхьина медицинан реформа, кхераме йоцу технологеш а кхуллуш, экономиканна «баьццара» некъаш кхоьллина, элира Обамас. Iамеркан хиндерг президентна хетарехь деа хаттарца дозу.

ХIорш ду уьш. Муха цхьана бакъонашка нисвойла ду хIора а вахархо? Муха эшор яра рак? Муха яккхалур ю Iамерка дуьненан полицейски хиларх кIелхьара?

Муха къелхьарабаха беза Iамеркахой поликах герз дечух? Обамас бахарехь, 7 шо хьалхачул а вовшашна хийра ду Iамеркахь адамаш – иза бу Iамеркан Штатийн уггаре боккха дагахьбаллам, цо бахарехь.

XS
SM
MD
LG