ТIекхочийла долу линкаш

Масхадова Кусама даймахка йирзина


Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан хIусамнана Масхадова Кусама оьрсийн паспорт даьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу юхаеана, аьлла хаамбина Кадыров Рамзана Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Нохчийн-ГIалгIайчоьнан автономан республика юхаметтахIотторан даздаршкахь. Меттигерчу телевизионехь Масхадова даймахка ярах сюжет а гайтина.

Ша цомгуш а ю, йисина хан даймахкахь яккха лаам а бара шен, аьлла, цо дехар динчул тIаьхьа пурба делира ша цунна цIаян, аьлла Кадыровс. Масхадова Кусамин цIийнда ша вен лерина а вара, церан кIант Анзор шена тахана а дуьхьал а ву, аьлла дийцира Кадыровс меттигерчу эфирехь.

Кхечу хьостанашкара хууш дац муха, маца хилла Масхадова Кусамин Кадыровца къамел, иштта къайле ю тахана иза еха меттиг а.

XS
SM
MD
LG