ТIекхочийла долу линкаш

Вайнах кийча бу Шемара бобераш тIеэца


Нохчийчоь --Шен доьзалца урамехь воьду да, 2015.

Нохчийчоь --Шен доьзалца урамехь воьду да, 2015.

Шемахь дех-ненах хедда байлахь дисина бераш лело шайн доьзалшка схьаэца лаам бу Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а бахархойн.

Дукха хан йоцуш Нохчийчуьрчу вахархочо Батыров Iабдуллаc Фейсбукехь шен агIонтIехь язйинера, Шемара байлахь дисинчу берех, шиъ шен доьзале лело схьаоьцуш гIо дахьара шена, аьлла.

Цунна моьттина а хир дацара, нехан дагахь дерг ша аьллийла. Цо язйинчу артиклна бухахь дукха наха комментареш йитина, шаьш а оьцур дара цигара бераш кхаба, бохуш.

Дукхаъчара шайн телефонаш а юьтура циггахь. Батыров Iабдуллица зIене елира Маршо Радио. 40 шарера вьлла стаг ву иза. Шен ши бер ду цуьнан. Шемара бобераш шена тIеэца хIунда лаьа, цо иштта дийцира.

Батыров: «Телехьожийлехь гуш ду царна тIехIоьттина хьал. Цара хIинца ловш дерг вай лайна ма ду. Цундела, цхьаъ даьккхина а, шиъ даьккхина а кIелхьарадоккхур дара тIамера. И нигат долуш ву-кх со. Церан дахар дIанисдан а, дешийта а Iалашо ю сан».

ТIамо вовшахъяьккхинчу Шемахь байлахь дисинчу берийн терахь хууш дац. Эрна арахь, мацалла хьоьгуш уьш доллушехь, церан гIуллакх дан шайн аьтто бацахь а, цигарчу Iедало магош дац, пачхьалкхера бераш ара а даьхна, кхечу доьзалшка дIасадала. ХIетте а, хIинца а некъ лоьхуш ву бохуш, дуьйцу Батыров Iабдуллас.

Батыров: «Интернетчохь дешнера ас, Дагестане Шемара 3 бер далийна бохуш. Фейсбук чохь ас язйича, шайна а лууш дара изза аьлла, дуьйцура наха. ХIинца Москохахь йолчу церан векалте а вахана, хоттур ду аьлла цхьа накъост вара сан. Цуьнгара хабаре хьоьжуш Iаш ду-кх тхо".

Социалан машанехь ша иштта бер дало воллу аьлча, Батыров Iабдуллина гучудаьлла, дукха нахана а иза лууш хиллийла. Баккхийчеран Iуналла доцу бер экаме ду, ткъа тIом боьдучу меттехь церан дахарна кхерам бу.

Бусулба динехь магош дац, хьайн цIийнах доцучу берана хьайн цIе яла. И хIума лар а деш, коьрта шен Iалашо, уьш дийна бисийтар ю аьлла, кхин дIа а дуьйцу Батыров Iабдуллас.

Батыров: «Берийн Iуналла дийр долуш шортта бу. Вай къинхетаме ма дай! ТIамах вай а ма ду чекхдевлла. Лууш а, иза дийр долуш а дукха бу нах. ШарIо магош дац берана хьайн цIе яла. Iуналле эца магош ду, дешначу наха бахарехь.

Вай Оьрсийчоьнан низамашца оьшуш хIума хилахь, берийн беша а, ишколе вахийта а, тIаккха хIара мегар яц алахь, ца хийцича девр дац. Коьртаниг - уьш оцу тIама юккъера арадахар ду. Цул тIаьхьа, цара шаьш сацам бийр бу-кх, да эр ду соьх, я дац».

ГIалгIайн махкара Хьавас а язйина, ша а схьаоьцур дара Шемара бер лело а, кхио а аьлла. Ша цуьнах Делан пурбанца нахана а, махкана а пайдехь адам кхиор хиларна, шеко яц цуьнан.

Хьава: «Тхан тIаьхье яц. Цундела лууш ду тхо бер схьаэца. Да-нана доцчу берийн къа ма дай. Цундела лаьа суна иза. Коьрта бахьана -сайн бер ца хилар ду».

Масийта шо хьалха Шемахь болабеллачу тIамехь вийна 250 эзар сов стаг. Царах 75 эзар ца кхочуш маьрша нах бу. Беллачарна юккъахь 12 эзар сов бер ду.

XS
SM
MD
LG