ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан эскарша тохарш дина Шемахь


ТIаьххьарчу шина дийнахь туркойн эскарша Шемин, Иракъан дозанашкахь 200 гергга «Исламан пачхьалкх» олучу тобанера жихIадхо вийна. И хаам бина еарийдинахь Туркойчоьнан премьер-министро Давутоглу Ахьмада.

«Шинарин Iуьйранна Истамбулан коьртачу майданахь, 10 стаг вуьйш, 15-нна чевнаш а еш, эккхийтар хиллачул тIаьхьа оха тхайн тIеман эскаршна омрадинера луьралла совъяккха. Шина дийнахь Шемарчу а, Иракъерчу а ДАIИШ-ан тобано дIалецначу 500 куьпна тохарш дина оха танкашца а, артиллерица», - аьлла Давутоглу Ахьмада ЭФЭ агенталле ша еллачу интервьюхь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG