ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сенченко Константин къера вац ша аьллачунна


Красноярск гIалин кхеташонан депутата Сенченко Константина ша дохковаьлла Кадыров Рамзане цунах лаьцна шена хетарг аларна боху хаам баржийра еарийдийнахь оьрсийн LifeNews агенталло.

Ткъа депутато бакъ ца до, ша къерахилла бохург. Сенченко Констатнтина кхаарийдийнахь Фейсбукехула дIахьединера, ша харцо лору оппозиционераш халкъан мостагIий бу баха шена магош волу Кадыров Рамзан регионан куьйгаллехь хилар, цунна ца йогIу я академикан а, я Оьрсийчоьнан Турпалан а цIерш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG