ТIекхочийла долу линкаш

Iаьнан шен духар хуьлу, аьхкенан - шен духар, амма оцу гIиллакхан пусар ца дича а волуш стаг веха Нохчийчохь.

Шелонах ца кхоьру стаг Соьлж-ГIалина генахь вехаш а ца хилла. 60 шо долу Абдулаев ИбраьхIим Iалхан-Юртара вахархо ву. Кхечу нахах къаьсташ а вац иза аьхка. Цара санна еккъа цхьа коч лелайо, амма IаьнтIехь билгалйолу цуьнан дегIан а, могашаллин а башхалла-шел ца ло иза, арахь мел гIорийна хилча а.

Цуьнца къамел дан барт бинчу метте вахча, и цхьанакхетар леррина арахь хилира. «Арахь шийла ма ю хьуна, чу а вахана дер вайшиммо къамел», элира цо.

Цуьнан могашаллин таронаш талла луучу суна, арахь вистхилча гIоле хийтира. Арахь гIорийна яцара, амма даиманна санна тIехсов тIуьна а, тIера мел йолчу хIуманах чекхйолу, ша тайпа шело яра.

Къамел динчу эха сахьтехь дегIах шело юьлира.Ткъа Абдулаев ИбраьхIима шек дIа а воцуш, дуьйцура, ша шелонах хIунда ца кхоьру.

Абдулаев: «21 шо ду-кх со иштта цхьана кучаца лела. ЦIеххьана хилла ду суна иза. ДегIан температура 36.6 лоруш ю-кх массеран а хила езаш. И 36.6 сан даиманна цхьана меттехь лаьтташ ю-кх. Шийла хилча а, йовха хилча а иза цхьатерра лаьтта. Шун догIмаш дохло, амма сан дег1ан температура лаьтта ша ма-ярра».

Радио Маршо: Ахь ловр боцу шелонан барам бан а буй?

Абдулаев: «Наха соьга дукха хоьтту цуьнах лаьцна. Кхузахь 33 градус шело хIоьттира вайна. Чуртан-ТогIе олучу юьртара соьга телефон туьйхира цхьана накъоста, «хIинца-м вер вацара хьуна хьо ара», аьлла. «Дера вера ву-кх. Хьо схьавагIахь хьуна гур а ма ду», элира ас. Лийча а лийчина ара ма волий со, мел шийла хиларх.

Гуттар цецваьлла иза со араваьлла гича. Кхиволу стаг санна, сайн гIуллакхе дIалелаш ву-кх со. ХIара доккха гIуллакх ду бохуш лелаш а вац. Йовха мел хуьлу, суна шийла хета. Шу санна вох ца ло. Болх беш, хIума деш хьацар а долу».

Абдулаев ИбраьхIиман дегIан аьттонех, цуьнан цIеранаш а, юьртахой а боьлла. Амма цхьанхьа воьдуш-вогIуш хилча, хIара ца вевза нах гуттар а цецбовлу, IаьнтIехь хIара муха лела еккъа цхьана кучаца олий. Наггахь дог датIадой шен, човхо безаш меттигаш а нисло бохуш, кхин дIа а дуьйцу цо.

Абдулаев: «Автобус чохь схьадогIуш тхо, цхьана зудчо элира: «Ша лор ю. ХIара лартIехь дац», аьлла. Хьайна иштта аьлча, хьуна а хазахетар ма даций. Ас боху оцу зудчуьнга: «ЦIеяхана спортсменаш бу цхьаммо а ца деш дерриг деш. Уьш а лартIехь бац аьлла хета хьуна? Со лартIехь вац аьлла хетарг суна Iовдал хета», элира ас».

Боккъал а цуьнан куьг а, пхьарс а схьалаьцча, уьш довха дара. Тамашийна хетара оццул арахь хан яьккхича, дегI шелдала дезаш дара «зуз» а догIуш. Амма иза дацара. Гуш дара, цуьнан дегIан температура цхьана эшшара лаьтташ юйла.

Абдулаев ИбраьхIим шелонах а, йовхонах ца кхерарал сов, кхин хIума ду кхечу нахе дацалуш долу. Биллина бIаьргашца цо электролаторг лелайо. Цул тIаьхьа цунна цхьанна а тайпа новкъарло ца хуьлу бIаьрсана.

Абдулаев: «Биллину бIаьргашца электролаторг лелайо ас. Сахьтанашкахь а дало соьга иза. Сан доьзалшка а ца кхаьчна хIара соьгахь долу хIума. Дела бен дагахь а воцуш, Iуьйра ламаз дечу хенахь «тIах» аьлла хилира суна хIара хIума. Со хIинца а, со зуьйш лелаш ву-кх».

Абдулаев ИбраьхIиман могашаллин башхалла тахана а теллина яц лоьраша. Оьрсийчохь массийта стаг ву цуьнан дерг долуш. Амма уьш аьхкенан заманхь бохло, ткъа нохчийн гIура стага - Абдулаев ИбраьхIима цхьа терра атта лов шело а, аьхкенан тов а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG