ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн доьзалийн дахар даима а ду, цхьа ондда спорт санна, вовшашца яхьехь, масала, лулахочо нуц вогIуш, я зуда ялош цхьаъ динехь, хьо декхаре вужу "нахала ца вала", "юьхьIаьржа ца хIотта", "кхечарел оьшуш ца хила".

Вон-дика листарехь, мел дукха харж ян езахь а, бIо ца къажабо дукхахболчу нохчаша. ЙоI маре йодахь а, кIанта зуда ялаяхь а, велларг дIаверзорехь а нохчашлахь лелаш цхьа барам-къилба ду-наха дирриг дар, кхечарал оьшуш цахилар.

Гуттар гIаддайна, цхьа наггахь боцучара массара а «тIаьхьа ца биса» гIерташ. кхочуш беш бу и шатайпа билламаш. Тахана нохчашлахь лелачу гIиллакх-Iадаташца, бахархша вуно чIогIа токхамаш бийриг ду йоI цIера ялар.

Цу хьокъехь соьга дийцира Соьлжа-гIалин кIоштан Дойкар-эвларчу яхархочо Рукъидата. ЙоI маре йоьдуш харж яр дIадолало макияж олучу юьхь-сибат, месаш куьце ялорца боху Рукъидата.

Рукъидат: «Юьхь сибате ялош, нускал кечдеш 10-15 эзар а.кхин дукха а долу, ахь лелочу басаршка хьаьжжа. ГIабалех, юккъерчу бараман гIабалех, 50—60- эзар долу. Бедарш чуяхка, юхалург еанчу чамданех долу 25-30 эзар. Хьайна ахь оьцуш хилча цу чамданех лаххаре а 100 эзар сом долу».

Мршо Радио: Цу чамданех оццул долуш хилча царна чу йохкучу хIумнех?

Рукъидат: «Ахь гIеххьа хIума эцахь 300-400 эзар-м долу. Таро йолчара 1 миллион сов харж йо и чамданаш юзуш. Цул тIаьхьа нуц вогIу,марда, марнана а догIу зIагIа дохьуш. Уьш луьстург 100 эзар даьлла а Iийр дац. Масала невцана 50 эзар делла телвизор оьцу,езаниг коч,кхидерг а, кхидерг а».

Маршо Радио: Хьажахь цхьаъ дIадолу,кхинарг юкъадаладо,цул хьалха кхин хIума дара,тахана кхин ду. ТIаккха мила ву цхьаъ юкъадалош верг а,хIара ширделла аьлла, дIадоккхуш верг а?

Рукъидат: «Нах шаьш бу-кх. ХIокхо олу зударийн Iовдал политика ю иза. ЙоI дIайига баьхкича а йо дукха харж. Стол хIоттайо тоттий даа-мала тIехь а долуш».

ЙоI маре яхча йолучу харжах къамел динчу Рукъиятна хетарехь, мел юхаоьзна кIезиг дайича а, 250-300 эзар ахча деза цIера йолучу йоьIан дезарш листа. Бахархошца дагавийларо ма-гайттара, хIумма а кIезиг ахча ца деза велларг дIаверзо а, шолгIа, шо а кхаьчча а сагIанаш дахар чоьте эцча-м муххале а.

Цу хьокъехь дуьйцуш ю 2-3 кIира хьалха нана кхелхина Теркйист кIоштера Зайнап.Цунна дика дагадогIу шен вежарша нана дIаерзош йина харж.

Зайнап: «Чуртана деза, бежанна деза, мерза хIумнаш мел еза? Еккъа бежнах делира тхан 70 эзар. Кхаа дийнахь даа-мала латто а деза. Шортта ахча деза стаг верзо. ШолгIа сагIа доккхуш а,шо кхаьчча доккхуш а мел харж еза.

Таро йолчара леллориг лело гIерат гIийла бохкурш а. И телпонаш бахьнехь массо а хIума гуш хуьлу. Хьалха мел-хIун долу а ца хаьара.ХIинца цхьа хIума къайла ца доьду. Ишта токхамаш бо йоI маре йоьдуш а».

Вон-дика листарехь харж яр а ду бен-бечу кIошташкахь тайп-тайпана. Масала ТIехьа-Мартанан кIоштехь велларг дIаверзош хаъал дукха йолу харж бахархоша дийцарехь.

Царе даре дарца цунна бахьна ду стаг велча дийнахь дуьйна,бежний а дойуш цунна тIехь сагIанаш дахар,тезета баьхкинарш а рицкъанах а кхоьтуьйтуш. Дуьйцуш ю Закан юьртара яхархо Мурадат.

Цхьаболчу бахархоша шаьш мукIарло а до, тароне хьажжа а доцукш, кхечаьрца яхье а буьйлуш. ца оьшу харжаш йо цхьаболчара бохуш. Новр кIоштан Алпатов юьртара Вахас элира цунах.

Наха динчу къамелаша ма-гайттара, вон-дика дерзоран гIиллакх-ламасташ, гIорийча санна, цхьанаметта лаьтташ дац. Уьш цхьамма омра дечуха, хийцалуш ду шо-шаре даларца. Зама мел хала еъча а, уьш, и хьашт-дезарш дазлахь бен дай цадаларх кхуьуш бац бахархой.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG