ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Dolce & Gabbana бусалба духарна тIейирзина


Dolce & Gabbana-н бусалбачу зударшна лерина коллекци,2015
Dolce & Gabbana-н бусалбачу зударшна лерина коллекци,2015

Дуьненчохь уггаре а вевзачех шина дизайнеро Долчес, Габбанас шайн тIаьхьарчу коллекцехь гайтина бусалбачу зударийн духарш.

Кху муьрехь, Европехь бусулба динех а, бусулбачу пачхьалкхашкара схьабаьхкинчу мигрантехь къийсамаш марсабаьллачу деношкахь, дуьненчохь уггаре а девзачех Италерчу Dolce & Gabbana дизарнерийн цIийно IалагIож яккхина, бусулбачу зударийн духарш арахоьцу шаьш аьлла.

И хаам цIе яхханчу дизайнеро Габбана Стефанос шен Инстаграммерчу агIонна тIехь баржийна, керлачу коллекци юккъера масех сурт а гойтуш.

Цо хьовсархойн тидаме дехкина долу кучамийн а, йовлакхийн а сарташ дан а ду муьлхачу зудчуьн, иза бусулба елахь а, яцахь а са дIалаццал исбаьхьа.

Iаьржан, бежан ши басахь дина долу и духарш, – хиджабаший, шайх абаяйаш олуш йолу хьакхолгалца еха кучамаший, - зезагашца а, Iаламийн аппликацешца а кхелина ду, ткъа иштта стразашца, дезчу тIулгашца а хаздина ду.

Кучамашна кIадеш хоржуш дизайнерша я абстракте мотивех, я Iаламан сартех бен пайда ца эцна, бусулба динехь садолчу хIуманийн сарташ дахка а, лелон а мегаш дац аьлла.

Ткъа бусулбачу модаезархойн духар кхоччуш хилийтархьама Долче Доменикос, Габбана Стефанос кучамашца басца цхьаьнадогIуш долу малхах ларвон бIаьрсенаш а, карлоцу тIоьрмигаш а дина. Хьахон а оьший -те тIаккха и кучамаш а, йовлакхаш а, корталиш а тоьллачу италхойн дарих а, уггаре а дикчух гIирсанех а дина хилар.

Dolce & Gabbana дизайнерийн цIийнан векалша шайн керла коллекцих лаьцна Фейсбукерчу агIонна тIехь вуно поэтикалле яздинера: „Абайа – иза гIамарийн хIурдалахь сатийсамаш бу, иза Гергарчу Малхбалин буьйсанаш ю. Иза Араберчу зударийн беркатах а, хазаллах а долу визуалан дийцар ду“, - аьлла.

Бакъду, екъа цхьа Iарбойн а, бусулбачу а зударийн хазаллин аьлла илли хилла ца Iа цIеяхханчу модакхоллархойн керла коллекци. Иза уггаре а хьалха маркетинган гIулч ю, аьлла хеташ ю Германехь ехаш йолу нохчийн дизайнер Бахарчиева Билкъиз.

„Заббари“ цIарца шен бренд схьа а йиллина, Дюссельдорфехь модакхоллархо санна болх бечу Билкъиза дийцира Маршо Радионе, дуьненчохь миллиард сов бусулба стаг а хиларна, и нах потенциала эцархой хиларна вайн заманчохь дуккхаъчу модийн цIеноша шайн духарийн концепцеш бусулбачеран тIеюхучу хIумнийн Iадаташца цхьаьнаяхкон гIурту аьлла.

Бахарчиева: „Цу дизайнерийн цIийнан маркетинган стратеги а ю иза. Царна уггаре а коьрта дерг шайн хIума дIаэцар ду, шайн болх а бу, цул совдаьлла бусулба динца балаболуш бац уьш. Бусулба дин алсамдолуш дуй гуш ду царна, тIаккха шайн хIума дIаэца нах го царна царалахь.

Иза цхьа бахьана ду. ШозлагIа бахьана – тахана дуьненчохь эцархой гIелбелла цхьатеррачу, ахдерзинчу духарех, шаьш дизайнерш а гIелбелла. Цара даима а цхьа кхин керла хIума лоьху, экзотика а лоьху шайн белхашкахь. Иза шозлагIа бахьана ду.

Ткъа кхозлагIниг бахьана дуьненчохь бусулбачийн синкхетам лакхабалар ду, и бахьана долуш алсамохчу бусулба зударша шайн динца догIу духарш леладо“.

Бахарчиева Билкъиза ма-аллара, цхьа Dolce & Gabbana хилла ца Iа тIаьхьарчу хенахь бусулбачу зударшна товчу кепара, я, кхечу агIор аьлча, цара арахь маьрша лелон йиш йолчу кепара тIеюху хIумнаш тега йолаелларг.

Масех шо хьалха вуно гIовгIане хилира вевзаш волчу Iамеркхойн дизайнеро Оскар де ла Рентас арахецна долу бусулбачийн духарш. Даханчу шарахь миллионашкахь бусулба зударий вуно беркате эцархой хиларх кхеттачу Донна Каран а, Томми Хилфигер а, Манго а фирманаш юккъеяхкийра шайн коллекцешна ориенталикан Iадатехь йина еха кучамаш а, деха пхьуьйшаш долу кофташ а.

ТIаьххьара цу могIарехь хилира механа йорах а йолуш, доккхачу декъехь къоначу чкъурана духарш тоьгуш долу Швецера H&M модийн цIа – цуо яханчу гуьйранна, шуьйра рекламийн кампани а еш, арахийцира хиджабаш а, бусулбачу зударшна лерина кучамаш а.

ХIинца Шанель Кокон цIарна цIеяхана йолчу Iаьржачу кучан юх жимма ях а йина, абайин хьесапехь иза арахецчахьана дуьненчохь цхьанна а модаезархочул эшна хир яц вайнзаманахьлера бусулба зуда. Бакъду, цу кучан цIе хIинцалца схьа „жима Iаьржа коч“ аьлла хиллехь, иза тIаккха „йоккха Iаьржа коч“ аьлла хийца дезар ду.

XS
SM
MD
LG