ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненан фондийн базаршкахь мехкдаьттан мах охьабаьлла


Кху мукъаденошкахь ГIажарийчоь йохк-эцарна тоьхначу лаьттинчу эмбаргох мукъаяла тарло бохучу хаамо божийна дуьненан фондийн базаршкахь мехкдаьттан мах – баррелах ца ло хIинца 29 доллар бен. Механ индексаш лакхахь кхобуш хиллачу Нью-Йоркан, Шанхайн, Лондонан биржанашкахь, масала, вуно дукха ду духкуш мехкдаьтта.

Ягориг совъяллехь а, ца тоьа дуьненна экономика дебонйолу хьостанаш – оцу бахьанийца дIасаоьцуш ду массанхьа а деши, мехала кехаташ-активаш. ГIажарийчоь дуьненан базара юхаяро мехкдаьттан мах охьабаккха мега кху бIешарахь шел лахара хилла а доцчу терахьна тIе. Инвесторш саготта бу кху муьрехь, мехкдаьтта коьрта бахам болчу Оьрсийчоьнан, Азербайджанан, Венесуэлин, Иракъан бахамаш халчу хьоле хIуьттург хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG