ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанан Iедалша лаьцна тIеман тобанийн лидер


ХIиндойчоьнах Кашмир провинци дIахадорехьа иттаннаш шерашкахь къийсалучу тIеман тобанийн лидер Жаиш-э-Мохьаммад лаьцна Пакистанехь. ТIаьххьарчу кIиранашкахь талораш дар жигара даьккхинчу оцу тобано тIелатар дира хIиндойн авиабазина, вийра 7 хIиндойн эскархо.

Оцу бахьанийца Делино Исламабад бехкейора, цо террорхошна тховкIело латтайо бохуш. Жаиш-э-Мохьаммад лоцу операци дIахьош Пакистанан Iедалша дIакъевлинера массех маьждиг. Иштта лаца аьтто баьлла оцу лидеран уллера накъост АзхIар Масуд Маулан а.

XS
SM
MD
LG