ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьно божийна мехкдаьттан мах


Мехкдаьттан Брент-тайпан баррелан мах дуьненаюкъарчу Лондонерчу базарахь 13 шарахь а ца хиллачу барамехь лахара бара оршоьтан Iуьйранна - 28 долларе ца кхоччуш. ТIаьхьо, делкъанна, 28 долларе 50 центе хьалабахара.

Шоьтадийнахь ГIажарийчоь мехкдаьттан эмбаргох мукъаяларца доьзна охьабоьдуш а, кхин а лахбала тарлуш а бу ягочун мах. Ткъа гIажароша дахна шо довш а хьехадора, шаьш санкцеш дуьнено юъаяьхча шайн мехкдаьттан дийнан экспорт миллион тонне кхачон дагахь ду бохуш.

КIирандийнахь ТехIеран эмбаргох мукъаяьллачу хьалхарчу сахьташкахь 6 проценте кхоччуш охьаюьйжира СаIуда Iаьрбийчуьрчу мехкдаьттан базаран индекс.

XS
SM
MD
LG