ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сом лахлуш ду де дийне мел долу


Оьрсийчоьно 2016-чу шарна шен федералан бюджет хIоттийна дуьненахь мехкдаьттан юккъера мах 150 доллар юккъерчу барамехь латтаре дог а дохуш.

Экономика кхиоран министралло дечу хьесапашца, шеран юккъера мах 40 долларе охьабалахь, пачхьалкхо тIекхиочу бахаман барам бужур бу 1 процентна, ткъа мехкдаьттан мах 35 доллар нислахь – шеран бахам оьшур бу 2-3 процентна.

РогIера эшам хилла соьмана а - долларх оршоьтадийнахь лора 79 соьмал а кIезиг. Шина шера чохь уггаре лахара мах бу иза соьман.

ТехIеран дуьненан мехкдаьттан базара цIеххьана юкъаяларо бестийна йоккхучу ягочун барам. Оцу тIе, Кремло Украинаца лелочу политикаца доьзна дуьнено Оьрсийчоьнна тоьхначу санкцеша а малдо сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG