ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашна шайн гIиллакхех десте а таръеш...


РогIерчу "гIиллакхах воьхначу" нохчочунна довдеш ву Кадыров Рамзан, Лах2016

РогIерчу "гIиллакхах воьхначу" нохчочунна довдеш ву Кадыров Рамзан, Лах2016

Бахархойн хIусамаш ягорах, бехк боцуш стаг лацарх, сийсазварх, верах жоп ца дехар-м ша ду, ур-атталла Оьрсийчоьнан бахархошлахь рейтинг а яц Кадыров Рамзанан южуш. Стенна ца го Кремлна Оьрсийчоьнан конституци Нохчийчохь лелаш йоцийла?

Гайдаран цIарахчу Оьрсийчоьнан халкъан бахаман, пачхьалкхан гIуллакхдаран академин белхахочуьнца, Iилманчица Казенин Вячеславца дийцаре дира оха и хаттар.

Маршо Радио: Конституцица йогIуш йоцу харцонаш лелон стенна могуьйту Кадыров Рамзанна, аьлла, шега динчу хаттарна жоп луш, шо гергга хьалха Путин Владимира ша толлур ду, элира, хьан, стенна дагийна Нохчийчуьрчу бахархойн цIенош.

Амма цхьа а жоп ца дийхира Кадыровгара. ХIун хьелаш ду-те иза бехказа воккхуш?

Казенин: «Меттигера Iедал цхьана а дозанийн системано сецош а доцуш, хецаделла. Харцонаш маьршша лелайо.

Кавказехь (кхечанхьа а дера ду иза-м иштта) хьаькамаша шайн Iалашонаш тIеяхархьама, масала, критика шайна ца яйта, я шайна мутIахь воцчу цхьаьннан бизнес дIалакъон, юьхьара доху, ир-кара хIиттадо низамца гарадовлу халкъан ламасташ. Уьш къоман гIиллакхаш ду, олий.

Ма-дарра аьлча, иштта чIагIдо шайн олалла, гIиллакхашца шайн карара мукъ шаьш кхолуш санна».

Маршо Радио: Нохчийчохь лаьтта хьал, бакъоларъярхоша а, могIарчу наха а тоьшалла дарехь, ца догIу Оьрсийчоьнан дахаран юкъарчу хотIца а. Стенна яц оцу къизаллина дуьхьал реакци Кремлера, стенна магадо Соьлж-ГIаларчу администрацина кхечу меттигашкахь магош доцург, хьуна хетарехь?

Казенин: «Мел йогIу Нохчийчоьнна цигахь лела политика? Ас иштта эр ду. Кавказера вуьйш мехкашший, Нохчийчоьй цхьана могIара хIоттор нийса дац – Нохчийчоьно баккъал а тIом ма лайний.

Цундела еххачу заманахь нохчий хьаьгна Iийна юха а тIом ца балийттал ницкъ болчу Iедалх.

Дисинарг цунна коьрта а дацара.

Делахь а, хIинца ала ду «тIом генахь бисина», цуьнга хьажжина, Далла бу хастам, нехан хьашташ а ду хийцалуш, хийцалуш ду царна Iедалера оьшучу хьелийн сурт а.

Хетарехь, Нохчийчуьрчу Iедалан кестта кIаддан дезар ду шен хатI, шен амал».

Маршо Радио: Муьлххачу адамна а санна, нохчочунна а оьшийла дешан маршо, критика а ловш Iедал, кхета ца езара Кремл, Оьрсийчоь?

Казенин: «Москох, Кремлехь а ца боху ас, Москох, эскперташна, журналисташна, муьлххачу а Къилбаседа Кавказца къамел догIучунна хетачух аьлча, цунна моьтту кавказхой кхечу низаман кхетамашкахь, кхечу гIиллакхашкахь беха.

Адамийн юкъаметтигаш кхин ю, Москох стагна ца мегарг, шога хетарг, цигахь наха ловш тIеоьцу, боху ойла лела пачхьалкхан коьртачу шахьарахь. Нийса дац дера иза-м, дера дац...».

XS
SM
MD
LG