ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийчуьрчу ПIаьнказахь Шемарчу тIамехь вийначу шина вахархочун тезет хIоттийна

Туркошвили Мохьмад а, Пареулидзе Рамзан а Шема тIом бан ваханера цхьа шо ца кхоччуш хьалха. Болчу хаамца ДАIИШ-ан могIаршкахь хилла и шиъ.

Туркошвилин доьзал бу-зудий, берий. Цуьнан девашас Туркошвили Мурмана дийцира маца-муха дIаваханера иза оцу тIаме.

Туркошвили: "Селхана хиъна суна, сайн вешин кIант дийна воцийла. Цуьнан валар мичахь а, муха хилла суна ца хаьа. Дуьйцу иза Шемахь а, Иракъехь а хилла бохуш. Дукха хан яра иза Турцехь вехаш волу. Цигахь хьалакхиъна а ву иза. Доьзал а бу цигахь.

Кхуза наггахь хьошалгIа вогIура иза. Цуьнан да-нана тахана а бу Турцехь бехаш. Уьш цигара бахархой бу. Цигара из Шема дIа а вахнера. ХIунда вахнера-суна ца хаьа».

Шемахь веллачу Туркошвили Мохьмадан гергар зудчо дийцарехь, цо цкъа а Шемахь тIом бан вахар дуьйцуш, я и лаам гойтуш бацара.

Лали: "Суна цкъа а моьттина а дацара хIара санна дерг. Иза вацара, ша мел долу хIума дIа а тесна Шемахь тIом бан воьдучарех. Иза цигахь вийна аьлла сайна хезча а, со ца теша. Цхьа кхинверг вуьйцуш санна хета суна. Ца теша со иза Шемахь хилла аьлча".

Шемахь вийна важа тIемало-Пареулидзе Рамзан Шема тIом бан ваханера студентийн могIаррера. Иза Телаверчу университетан юридикин факультетан 3-чу курсехь доьшуш хилла. Цхьа шо дисина дара цуьнан юристийн диплом схьаэца.

Цхьацца болчу хаамашца, цуьнан нана чIогIа дуьхьал яьлла а хилла кIант Шема воьду аьлла хезча. Иза дIавахча, цунна тIаьхьа яхна а хилла иза, амма кIант цIа ца верзавелла цуьнга. Дукха хан йоцуш зуда ялийна а хилла Пареулидзе Рамзана, ша ваьхначу ПIаьнказа чIожера.

7-гIа бутт бу Тбилисерачу кхело ПIаьнказарчу Джоколо юьртан хилалчу имаман Борчашвили Аюбан хьокъехь долу дов ду хоттуш. Иза бехке веш ву ДАIИШАН-н могIаршка кегий нах бахийта кхайкхамаш бина аьлла.

Цуьнан цIахь бинчу талламашца, тоьшаллаш ду боху тIекхойкхучу прокуроран, иза ша а ши шо хьалха Шемахь хилла аьлла.

ДАIИШан могIанехь дIакхетта Гуьржийчуьра бахархой, дукхачу декъана ПIаьнказа чIожера нохчий бу.

Цхьацца болчу хаамашца, 100 ца кхоччуш стаг ву цигахь. Туркошвили Мохьмад а, Параулидзе Рамзан а 14-гIа нохчий ву оцу чIожера Шема баханчарах вийна.

XS
SM
MD
LG