ТIекхочийла долу линкаш

Арахьарчу валютах 20 процент ял яккха сацам бу Азербайджанан


Мехкдаьттан мах божарца доьзна тIегIертачу экономикан а, финансийн а кризисах шайн мохк ларбархьама Азербайджанан парламенто арахецна цхьамогIа сацамаш. Доккхачу декъанна уьш хьалхатеттинарг ву Азербайджанан Коьртачу Банкан куьйгалхо Рустамов Эльман.

Махкара инвестицийн кепехь арадохучу долларех, еврох, динарех, кхечу арахьарчу валютах 20 процент ял яккхар ду юьхьараэцнарг. Оцу а, и санначу а барамаша экономикан стабилалла пачхьалкхехь латтаяре догдоху Азербайджанан куьйгалло. ТIаьххьарчу 18 баттахь 80 процентна мехкдаьттан дуьненаюкъара мах божарца халонаш хьега йоьлла ягориг арахьоьцу а, цуьнан базаро кхобу а мехкаш.

Долларца дуьстиче Азербайджанан манатан мах шина беттачохь лахбелла кхузза. Пачхьалкхан банко манат чIагIден харжаш а ца еш, бахначу баттахь дIахийцира цуьнан мах, ткъа оцо дуккха а совдегарш декхаребира, Iалашдеш, шайн ахча сихха банкашкара дIаэца.

XS
SM
MD
LG