ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эмбарго юха а йоккхуш, зарратан герз кхоллар а дуьтуш


Дуьнено экономикан эмбарго юха а йоккхуш, шаьш зарратан герз кхолла гIертар дитарца йолийна гIажароша мехкдаьттан йохк-эцар Европерчу а, Малхбалерчу а, Iамеркарчу а биржанашца. Къоман и юхь шен маьIнехь Iалашъярхьама ду Хоменаи Iела-аятоллас дина дIахьедар: ГIажарийчоь Iеха ца йойтуш, дуьнено шен дош лардийр долу торго яре кхойкху цо ТехIеранера Iедал.

Масситтаза а тIаьххьарчу муьрехь аятоллас динчу къамелаша гойту иза Малхбузенах кIезиг тешийла. Цуьнан тешам малбеш нисделла дIаяьккхинчу цхьана эмбаргон метта Iамеркан Штаташа керланиг ГIажаройчоьнна кхайкхор – ши бутт – кхо бутт хьалха баллистикан зарратан ракеташ зерна Техеранерчу цхьайолчу компанешна дуьхьал санкцеш арахецна Вашингтоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG