ТIекхочийла долу линкаш

«Кадыров Рамзанан администрацигахьа лаьттачу халкъан» митинг


«Кадыров Рамзанан администрацигахьа лаьтта нохчийн халкъ» боху маьIна чIагIдан лерина митинг ю кхайкхийна Соьлж-ГIалахь пIераскан денна. Уггаре жимачу Теркйистна, масала, тIедожийна 10 эзар митигхо шахьара кхачор.

И хаам кхаьчна Маршо Радионе цигарчу бахархошкара. Ткъа шолгIачу денна – шоьтанна лерина митигаш ю нохчаша кхайкхийна цхьамогIа Европерчу а, Iамеркарчу а, Малхбалерчу а мехкашкахь.

Уьш мелхо а Нохчийчоьнан Кадыров Рамзанан куьйгакIелхьара Iедал нохчийн къомаца тIех шога хилар далхош хIиттош ю.

XS
SM
MD
LG