ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьххьарчу хенахь Нохчийчохь марсабаьллачу информацин тIамах Балмфорт Томан артиклан чулацам

Теркйистерчу Iели-Юьртарчу Инаева Iайшата Кадыров Рамзане Ватсапехула бехк боккхуш, мотт баьстинчул тIаьхьа болабелла и къовсам.

Европехь беха нохчий тIехIоьттира шайн махкахь йийсарехь дисинчу къоманна, аьшнаш деш махкара Iедал. Дуккха а дIахьедарш дира Ичкерин бевзачу политикаша а, жигархоша а. Венехь, Норвегехь митингаш лаьттира.

Цара хIораммо а бохург цхьаъ дара: миска нах ца хьийзор, коррупцин балех уьш бахар, бехк-гуьнахь доцу маьрша нах хIаллак цабар.

ХIетахь дуьйна сийсаш, хIинций-хIинций бохуш, эккха герга долу лоппаг санна лаьтта Нохчийчуьра хьал.

Орьсийчоьнан Зорбанан денца журналисташ декъалбеш, Кадыровс элира, вайн мостагIаша Нохчийчуьра хьал маьттаза дуьйцу, уьш Iамеркан шуьне марзбелла, церан зурманца лелаш нах бу, системехь йоцчу оппозицера нах «халкъан мостагIий» лору ша, царна «мохк бохкарна» аьлла кхел ян йогIу.

Цул тIаьхьа, Кадыровн бага хьаьжжина волчу Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Делимханов Адама а цхьабоса шогаллица артиклаш зорбане ехира, шайн «паччахьна» тIетовш.

Оьрсийчоьнан дуккхаъчу политикашна а, журналисташна а, бакъоларъярхошна а ца тайна Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а луьра дина дIахьедарш.

Оьрсийчоьнан интелигенцино петици кечйина «Оха доьху Кадыров даржах вохор» аьлла. Куьйгаш яздина бухахь бевзачу бакъоларъярхоша: Алексеева Людмилас, Ганнушкина Светланас, Каляпин Игора, Алтшулер Бориса а.

Иштта тIетайна царна дуккха а Оьрсийчоьнан тоьлла яздархой, артисташ, журналисташ.

Царна дуьхьал кхерам тосуш, луьрчу кепехь жоп дитина Кадыров Рамзанан агIончас, парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен Инстаграмерчу агIонтIехь.

Куьйгалхочо лелочу жIаьлех цхьаьнца даьккхина суьртан буха яздо цо: «ХIара Тарзан ду. Кхунна ца деза кхечу пачхьалкхийн жIаьлеш. Къаьсттина, Iамеркхойн Стаффордаш, таьIначу басара Питтбулаш».

Даудовс кхин дIа цIерашца буьйцу Тарзанан кIомсаршна к1амдар дийраш. къаьсхьанна «Пиккинез «Каляпа», «такса «Веня» зевне, аьшпе къамкъарг йолу, Москохара «Яшка-дворняжка» а.

Гуш ду, Даудовс бахарехь, Тарзана цергаш хьекхорш Оьрсийчоьнан оппозицин политикаш, журналисташ, жигархой а буйла.

Каляпин Игор ву цхьаъ, «Iазап юхадаккхаран» комитетан куьйгалхо, важа Венедиктов Алексей, «Москохан эхо» радион коьрта редактор, оппозицин жигархо, Немцов Борисан уллера доттагI лаьттина Яшин Илья а.

Цхьаболучара Даудовн кхерамаш цадашарца забаре берзийра. Пачхьалкхан Думин депутата Гудков Дмитрийс духьал жоп делла Твиттерехь спикерна, ша лелочу шен жIаьлица даьккхина сурт а хIоттош, буха яздо: «Даудовна гайтархьама... Суна гира шун Тарзан. Ткъа хьуна муха хета сан тибетан мастиф Элман? ХIара дийнат ду, политикан аргумент яц», аьлла.

Депутатна тIаьххье Яшин Ильяса а йо забар, цавашар гойтуш. Шен цицкан сурт интернете дуьллу цо. Пенах латийна кехат ду цицко этIийна охьадаьккхина, уллехь хиина Iаш бехкениг. «Кадыровс шен жIаьлех кхерадо вай, Гудков Дмитрийс шен мастиф гучудаьккхи, ткъа сан цициг ду. Мел оьгIазе ду иза», аьлла, яздина Яшина.

Кремлан мостагIаша а, бакъоларъярхоша а дареден дукха хан ю, Кадыровс Оьрсийчоьнан Конституцин низамаш лоруш дац, бохуш.

Ткъа Оьрсийчоьнан либералийн Кадыров Рамзанца юкъаметтигашкахь шело лаьтта дахначу шарахь Немцов Борис вийчхьана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бакъ ца до, Немцов верна шен бехк хилар.

Критикашна хетарехь, Нохчийчуьрчу куьйгалхочунна дерриг могуьйтуш ду Кремло, корьтаниг, иза а, къам а шена муьтIахь хилчхьана.

Москохара интеллигенцино Кадыров дарже восаве бохучу муьрехь, Петарбухарчу низамаш дохучу гуламан депутата Резник Максима Оьрсийчоьнан прокуратуре официалан кехат дахьийтина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо ден дIахьедарш экстремизме ду я дац хьожуш, талламе эцахьара, аьлла.

Иштта бу Маршо Радион корреспондента Том Балмфорта шуьйрра арахецначу артиклан боцца чулацам.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG