ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанерчу университетан хIусамна тIелатар дина


Пакистанехь Хайбер-Пахтунхва провинцерчу университетан хIусамашна тIелеттачу тIемалоша вийна 20 дешархо, ах бIе сов лазийна. Оцу зуламо дагадоуьйту 20140чу шарахь дина кхин цхьаъ а, Пешаварехь 144 дешархо вер. Провинцин полицин куьйгалхочо Вазир СаIида хаамбина, университетан юкъарчу Iойлехь байинчу студентех дукхахдерш божабераш ду аьлла, царалахь цхьа хьехархо вуйла а хаьа шена, аьлла.

ТIемалошна дуьхьал тIом бина орцанна кхаьчначу эскархоша, вийна виъ тIелатархо. Хиллачу бохаман хьокъехь дIахьедар динччу Пакистанан премьер-министро Шариф Наваза элира, шен Iедалан Iалашо ю «махкана тIера терроран кхерам дIабаккха».

XS
SM
MD
LG