ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь вовшашца тIемаш бечу агIонийн векалш маслаIат дийца ховшуш бу


Шемин оппозицин кхеташоно шаьш дакъалоцур дац шайн махкахь машар бархьама Женевехь дIахьочу дийцаршкахь, нагахь цигахь мехкан диктаторан Асад Башаран а, шайн а делегацел совнаха, Оьрсийчоьно ша къастабечу Шемарчу кхечу нехан а векалш хилахь аьлла дхьедина.

Эр-Риядехь бахначу баттахь вовшахтоьхначу оппозицин кхеташонан коьртехь волчу Хьиджаб Рияда, ша яьхна Шемин оппозицин цIарах дийцаршкахь хила тарлучу нехан цIерш.

Кхаарийдийнахь Оьрсийчоьнанний, Iамеркан Штатийнний дипломатийн лидерш Лавроввий, Керри Джонний Цюрихехь цхьанакхийтира Шемара хьал дийца. Шемахь вовшашца тIемаш бечу агIонийн векалш маслаIат дийца ховшуш бу тIедогIучу оршоьтадийнахь.

XS
SM
MD
LG