ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь флешмоб а, митинг а ю дIахьош


Интернетехь шинарийдийнахь яьржира Нохчийчохь цхьана метте гулдинчу бераша «Кадыров Рамзан – Оьрсийчоьнан патриот ву» бохуш маьхьарий бетташ видео. Соьлж-ГIалахь майданахь дIахьош яра флешмоб. И тайпа барамаш алсамбаьхна Кадыровн Рамзанан гонаша кху муьрехь.

ПIераскана Кадыров вазвеш митинг а ю Соьлж-ГIала нах дIа а узуш дIаяхьа кечъеш. Цунна дуьхьалоян кечлуш бу Европера нохчий а. Хинболу барамех оха алсам дуьйцур ду кху программехь.

XS
SM
MD
LG