ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Безам дIаохьа ца ваханарг декъаза ву


Цкъа а ца бинчу кепара боккха гулам бан Соьлж-ГIала дIаузуш бу балхахь мел болу нохчий.

Кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчоьнан дахаран шатайпа билгало ю гуламашкара гуламашка а юьйлуш яхар. РогIера, инзаре боккха гулам цхьаьна а тоьхна, дуьне «цецдаккха» лоьруш бу меттигера Iедалхой.

Вайнехан керлачу исторехь, цхьа башха, маьIне хилам санна, гуттаренна а дисийта Iедалхоша билгалдаьккхинарг ду кху Дечкен -беттан 22-гIа де.

Бахьана хIара а, иза ду шуна аьлла, официалан кхайкхийна дац чот йоцуш дукха бахархой, хьашт-дезарш, болх-некъ битина коьртачу шахьаран майдана дIагулбала хилларг хIун ду.

Бакъду, Iедало диначу тIедахкарша гойту, урхаллехь болчеран, бегашена а доцуш, адам вовшахтоха хьашто хилар а, дерриг дуьненна а вайнехан болатан «цхьаалла» дIагайтар цара чIогIа мехала лоруш хилар а.

Цунна, массо шеконаш къахкош, даре до кху терахьаша а – 40-45 эзар стаг вехачу кIоштан куьйгалхой декхарийла бина 10 эзар стаг йиллинчу метте дIакхачо.

Шайн догIмаш цига кховчорал сов, бахархойн карахь хила еза Оьрсийчоьнан пачхьалкхан символикаш тIехь йолу коьчаллаш а, Iедалан мукъ карахьболчеран суьрташ а.

ЦIе яьлча санна каде, оццул адам вовшахтохаран бух-бахьна Iедалан хаамийн гIирсашкахула кхайкхийна цахиларе терра, дукхахболчарна хаъане а хууш дац, шаьш стенна кхачош ду Iаьнан чиллахь юха а Соьлжа-гIала.

Билггал бахьна кхета ца дахь а, нахана хаьа Iедалхой бIаьрла гайта, уьш а, къам а цхьаIаш ду алийтархьама адам майдана доккхуш хиларан.

Цхьаболчу бахархошна хетарехь, кхечу кIошташкахь а, ерриг Оьрсийчохь а тергаллучу политикан дахаран дIахIоттаман а, боламийн а бала а ца кхочуш, церан мах хадош, хетарехь дIахьедарш а ца деш, Iедалхой совцабелча, гIуллакх долуш а доцуш а эзарниш нах вовшах а бетташ, гуламаш а бан а безар бацара, хийла бала мел боцчара вайнехан совнаха цIерш а йохур яцара.

Ишта хьажам болчех ву Шелковск кIоштера даьхнийлелорхо Мусаев Мохьмад.

Мохьмад: «Юх-юха а и нах вовшах стенна бетта-м ца хаьа суна. Кху Нохчийчохь а, дерриг дуьненна а ма хаьа и белхой а, адам а бертахь я бертаза цу гуламашка муха оьхуш ду. Оцу хьехамчашка ла ца дугIу моьтту сунна цо.

Кху чохь къепе а латтош, кхиберш Iитарш а ца еш битахьара, нехан мах хедо оьшуш ма дац. Цига ца бахнарш балхара бохор бу, цунна дIаоьху нах. ХIара дIадоьрзур дац, Путин дIа ца ваьккхича».

Махкахь тергаллучу хиламех а, кхолладеллачу хьолах а дIа бист мел хуьлчара хаттаре билгалдоккху цхьа ойла: хIинца санна къовзийна маршо йолуш, шена хетарг алар дихкина нохчашна цкъа а хан-зама ян а еъний те карарчу хенах тера етталуш?

ХIинца санна, цкъа- а цкъа а тIера хиллий те махкара Iедал, шайна хетарехь, шаьш куьг бехке лорург «нахала» ваккха а, тангIалкх тIе а вигна, таIзар дан чалтачана хьалха хIотто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG