ТIекхочийла долу линкаш

Германехь Iаьрбаша-мухIажирша хьийзабо массо а меттигера мехкарий, зударий, Оьрсийчоьнан телевизионашка ладоьгIча....

Ткъа муха ду дерг политиках-пропагандех марша а ваьлла хьал зийча?

Масех де хьалха оьрсийн хьалхарчу телеканало, иштта а дела денна аьлча санна гаррехь самукъадаларца немцойн Кёлн гIалахь мигрантийн тобанаша къепедацарш лелорх а, цул тIаьхьа Германерчу юкъараллехь мигранташца цатешам а, шеконаш а алсамйовлуш хиларх а дуьйцуш долчу, рогIера IалагIоже хаам бийцира телехьовсархошка.

Шоьтадийнахь керланашкахь уггаре а хьалхара хаам бира Хьалхарчу канало Германехь цхьана оьрсийн доьзалехь хилла бохуш болу бохам.

Берлинера репортаж ечу журналисто вуно пафосе дийцира, немцойн коьртачу шахьарехь бехачу цхьаьна оьрсийн доьзалера 13 шо долу йоI, Iуьйранна ишколе яха араяьллачуьра автобусан социйлехь цхьана тIехьаьжна Iарбойн къомах волчух тера долчу мигранто Iехийна я нуьцкъах машен чу а хаийна, ша вехачу петаре дIайигнера. Цигахь иза цуо а, цуьнца кхин а масех цуьнан накъосто а хьийзинера, бохуш.

I каналан репортажан кийсак: „Дечкен беттан цхьайтталгIачохь Лиза, даима санна, ишколе яхан новкъаелира. 6 сахьт 42 минот яьлча иза автобус чу хиира. С-Бан Мальцдорф социйле кхаччалца дIаяхара. ГIали юккъехь лела цIерпошта ю цигахь. Амма станцин вестибюль чу яла и йоI ца кхиира. Лиза лар йоцуш йайра. Иза карон дей-буьйсий даьлчий бен ка а ца делира“.

Кхин дIа чуьрваьллачу журналисто гойту зуламхоша ядийна, сийсазйинчу йоьIан ненан йиш ю бохург – елха а кхехкаш оьрсийн къомах йолчу зудчо дуьйцу, шен йишин йоI 24 сахьтехь зуламхойн закъалтехь хилла, цул тIаьхьа цара иза цхьанхьа гIалин йистехь охьакхоьссина. Ша полице яхнера, боху цуо кхин дIа а, амма цара ша тергал а ца йира.

Иштта цу йоIан гергар стаг ву ша бохуш волу цхьа стаг а гойту журналисто- цу стага дуьйцу, полисхоша йоIе хеттамаш а бина, цуьнга и дерриге а зулам йоьIан шен лаамца хилла дара алийтина, иза ша цу хIуманна бехке яра алийтина, бохуш. „Уьш адамаш дац, уьш акхарой ю“ бохуш вуно эмоционале латкъам бо цо.

Амма цу тIехь а чекх ца йолу жигарчу журналистан репортаж – иза цIеххьана дуьхьалонан акцехь нисло, Берлинехь цигахь бехачу оьрсийн диаспорас йина бохучу. Шений-шений и йоI евзаш яра бохуш дуьйцу шаьш тешаш ду бохуш чIагIдечу оьрсаша. Германехь мигранташа хаддаза зударий хьийзош бу, тхан кхин дан хIума дац, оха уьш а хьийзор бу дуьхьал – иштта чIагIдо кавказхойн акцентаца къамел дечу цхьана гIеметтахIоьттинчу стага.

ЦIийза а цIийзаш дуьйцу цхьана кхечу оьрсийн зудчо, ша наб ца йо кхо буьйса яьлла, шен йоI ишколе йоьдуш мухIажарийн юкъараIойлина уллехула тIехйала езаш хиларна, бохуш.

И дерриге а – I3 шо долу йоI ядийна хилар а, иза хьийзина хилар а, цу исторехь хиллане а мигранташ хилла хилар а, полисхоша цу йоIе харц тоьшаллаш дайтина хилар а, ткъа иштта полици и хIума талла ца тикар а – хьалхарчу дашера тIаьхьарчу даше кхаччалца аьшпаш хилар гучудаьккхина амма немцойн Iедалхоша а, журналисташа а.

Берлинерчу полицин векало Измер Керстина журналисташка динчу дIахьедарца, даханчу кIиранан оршот дийнахь Берлинехь деха цхьа да-нана деънера полице, шайн йоI цIа ца еъна аьлла. Шинари дийнахь амма и йоI схьакарийна. „Оха бинчу талламашца я иза ядийна бохург а, я иза цунна ницкъ бина бохург а бакъ дац“ - элира полицин векало.

И комментари яржийра немцойн хаамийн гIирсаша а, Оьрсийчохь пачхьалкхан пропагандано болх баран масала санна. Цул совнаха, хье ца луш гучуделира, оьрсийн йоIана ницкъ барна Iедало таллам ца бо аьлла дуьхьалонан акце арабевлла бу бохуш Хьалхарчу телеканало гайтина болу нах бакъдолчехь Германеррчу неонацистийн НПД цIе йолчу партин митинге гулбелла хилар.

Цига, цу неонацин хьежамаш болчийн митинге, бахана хилла Берлинехь беха оьрсий а, ткъа Оьрсийчоьнан пачхьалкхан журналисто уьш цигара йистаха а баьхна, ша цхьа леринчу протестан акце гулбелла уьш болчуха йина шен репортаж.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан хаамийн гIирсаша гаррехь харцдерг дийцар дуьххьара хуьлуш дац. Нохчийчохь тIом болчу хенахь цара дуьйцура, цигахь бIенашкахь Балтийн пачхьлакхашкара зударий-снайперш бу оьрсийн салти бойъуш бохуш. Украинехь тоIм баьлча цара чIагIдира, цигахь украинхойн салтеша бераш пенаш детташ дойъу бохуш.
ХIинца Германехь оьрси йоI мигранташа хьийзор дагадаийтина цара шайна. Иза башха тамашийна а ца хета.

Тамашена хетарг кхин ду – оьрсийн пачхьалкхан телевизионана мичара хууш хилла Берлинехь неонацистийн акцехь сел дукха оьрсийн хир буйла? Я и оьрси цига гулбаларехь дакъа лаьцна -те пачхьалкхан телевизионо? Ткъа коьртанин хаттар- хIун мах белла теша царна и ролаш ловзорна?

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG