ТIекхочийла долу линкаш

Литвиненко Александр вийна Ковтуна а, Луговойс а


ФСБ-н белхахо лаьттина Литвиненко Александр вийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутато Луговой Андрейс а, совдегаро Ковтун Дмитрийс а. Иза вуьйш гIаттийна барам къобалбина хилла ФСБ-н гIантдас Патрушев Николайс а, президента Путин Владимира а.

Иштта боху 2006-чу шарахь Литвиненко кхалхар шерашкахь теллинчу говзанчаша. «КхидIа а нийсонехьа гIулчаш яха дош луш, кехат даийтина соьга Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министра.Талламчас Оуэн Роберта зуламхой Iорабохуш бинчу белхан мах ца хадабойла дац премьер-министра»- боху шен дIахьедарехь Литвиненко Марияс, диссидентах йисинчо.

Шен да вен Лондоне баьхкинарш Оьрсийчоьно бахкийтина а, цо ларбеш а бара, аьлла Sky News агенталлана интервью луш Литвиненко Александран воIа Анатолийс а. Талламчаша дийцарехь, вийна Литвиненко Александр цунна Путинан уллера го даккхий зуламаш дечу мазанца уьйрахь хилар гойту тоьшаллаш цуьнан каракхачарна.​

XS
SM
MD
LG