ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибийн сацам: "Доьшийлаш - зулам"


Кхаарийдийнахь Пакистанерчу Чарсадде гIаларчу Бача Хан университетан Iойлехь 21 дешархо вийначу тIалибийн тобано дIахьедина, ша махкарчу доьшийлашна тIелетарш кхидIа а дийр ду, аьлла. ПIераскана интернетехула и хазийнарг ву ТехIрик-и-ТIалибан шех олучу тобан халиф Мансур Iумар.

«Доьшийлаш АллахIан каламна дуьхьал хIиттийна бенаш бу», школаш, колледжаш, университеташ шаьш кхидIа а хIаллакйийр ю боху тIалибаша. Мансур Iумаран тобано шена тIеийцира лурчаха Пешаварехь школанна тIелетта I50 бер а, хьехьархо а вер а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG