ТIекхочийла долу линкаш

Бакъду и терахьаш йоккхачу шеконе дохку бертахь а, бертаза а цу хиламехь дакъалаьцначу бахархоша.

Царна хетарехь мацах Пайхамар аьшнаш вар бахьнехь вовшахтоьхначу адамел хаъал кIезиг халкъ хилла 22-чу дийнахь Соьлжа гIалин коьртачу майдана гулдинарг. Мехкан куьйгалхочунна гIоьнна, цунна къам резахилар дIагайта цхьаьнатоьхначу цу акцин цIе «Цхьааллехь бу вайн ницкъ» аьлла, кхайкхинера.

Цул сов хьалххехь дуьйна а эзарнашкахь кечйина нехан караделла дара кху тайпа лозунг-язораш: «Тхо Путин Владимирехьа ду!», «Тхо Кадыров Рамзанехьа ду!»,» Хир яц 5-гIа коланна!». Массо тайпа доьшийлашкахь,Iедалан хьукхмат урхаллашкахь мукъа де а кхайкхийна,бIеннаш эзарниш нах гIала дIа а оьзна и гулам вовшахтохаран бахьнах кхуьуш бацара дукхахболу бахархой.

Хьо стенна вуьгуш ву гIала? Шу хIун дан дуьгуш ду? Цу хеттаршна жоьпаш доца а, кхето хала доцуш а дара: «Уре» баха, «Рамзан» бохуш маьхьарий а,тIараш а детта, Рамзан ОЬрсийчоьнан –ГIортор, АллахIу Акбар! баха а». Ишта дара дукхахдолу жоьпаш. Цхьаболчу хьехархоша даре дарца, наг-наггахь йолчу ишколашкара дешархой хьалххехь Iамийна бара,гулахь маьхьарий а детташ, цхьацца дешнаш хазо.

Соьлжа гIалина кIошташ гена,герга хиларе хьаьжжина,са а тасале ,кочар а дина дIаихна гIала адамех йоьттина бIеннаш машенаш, Газель-автобусаш. Iедалан балхахь мел верг а ,воцург гIала дIаозар бахьнехь ярташкахь,нах дIасалелочу машенийн къоьлла хIоьттина хилла бохуш тоьшалла до бахархоша а.

КIоштийн хьаькамашна тIедехкинчу декхаршца хIора кIоштера гIала кхачо безаш хилла 5 эзар тIера,I0-I5 эзарне кхаччалц бахархой. ДIакхачийнарш билггал мел бу хууш дац. Делахь а цига баханчарех цхьаболчара дийцарехь хьаькамийн бIаьрг тIера туьлушшехь, цу шелонехь ца латта,новкъара хьеший а хилла юхабирзинарш а бац кIезиг.

Лаккхарчу тIегIан Iедалдайшна, депутаташна чIогIа халонга даьлла хилла Кадыровна Iиттарш яр а, Путин Владимире цуьнан хьокъехь, и вохавар биста кхаччалц, дехаре кхайкхамаш бар а. Уьш буххера дуьйна а харц лоруш мехкан куьйгалхочунна орцах бевлларш чот йоцуш дукха бу- спортахой, Iеламнах,Iилманчаш,яздархой…

Социалан машанашкахь кхайкхойш ю ур-аттал беш-башха акцеш. «Кадыров-ОЬрсийчоьнан дозалла» цIе йолчу цхьаннан автор ву къоман политикан, арахьарчу уьйрийн, зорбанан,хаамийн министаран гIовс Гудаев Лоьма.

«Тхо журналистийн го а, юкъараллин цхьаьнакхетарийн векалш а дегайовха ду цу акцин гIоьнца Оьрсийчоьнан юкъараллин дахаран могуш ницкъаш Кадыров Рамзана цIарна гонаха цхьаьнатоха,пен санна дIа а и цхьаболчу оппозицин ницкъаша деш долчу хаамийн тохар-тIелетаршна бертахь дуьхьало ян». Герггарчу барамехь ишта яздина шен истраграммин агIонехь Гудаевс.

Iедалан балхахь берш а боцуш, хьаькамаллехь берш-м бийца а ца оьшу,могIарерчу нахана хетачух аьлча, царех алсамчара маьIне ца лору,дерриг дуьне бIаьрзе а,къора а долуш санна юх-юха а эзарниш адамаш майданашка дахар. Мелхо а боху, ишта ойла-хьажам кхобучара, цу кепара адам гуламе даккхаро имижд бохучу маьIнехь цIе йожайо Iедалхойн.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG