ТIекхочийла долу линкаш

Оршоьтадийнахь дуьйлалуш ду Женевехь машарх дийцарш


ТIедогIучу кIиранах Женевехь Iалашоне дехкина ма-хиллара дика дIагIур ду аьлла тешна ву ша Шемара тIом сацорах долу дийцарш, аьлла дегайовхо къадийна Iаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Керри Джона.

«Цхьанакхеттачу къаьмнийн векала де Мистур Стаффана шега кхочург дерриг а дина и цхьанакхетар аьтто болуш долалург, » - элира СаIуда Iаьрбийчу вахначу Керрис журналисташка шоьтадийнахь, ша Эр-Риядехь ГIажаройн хIордайистаца йолчу пачхьалкхийн дийцаршкахь дакъалоцучу юкъанна.

Де хьалха Керрис телефонехула Оьрсийчоьнан дипломатийн лидерца Лавров Сергейца а къамел дина Шемахь машарбарх долчу дийцарийн кепах а, хотIах а лаьцна. Оршоьтадийнахь дуьйлалуш ду Женевехь машарх дийцарш. Амма делегацех дерг дац къастаделла хIинца а – оппозицино къовсамехь кхобу Асад Башаран агIор мила хила тарло къамелехь бохург.

XS
SM
MD
LG