ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровн Нохчийчоьнах урхалла ден хан чекхйолу кхо бутт гергга хан яьлча


Соьлж-ГIалахь пIераскана Нохчийчоьнан администраторехьа Кадыров Рамзанехьа Iедало хIоттийна хиллачу гуламан резолюцино бахарехь, Оьрсийчуьра оппозици литта еза, цуьнан декъашхой пачхьалкхана тешаме бу я бац толлуш. 1 миллион 400 ззар ларалучу мехкан бахархойх 800 эзар стаг вахана гуламе, аьлла ю полицин реляци.

Тергамчаша билгалдоккху, и терахь тIех дестийна ду, Iедало массо а махкарчу хьукматийн белхахой ницкъаша бигира митинге бохуш. Иштта, питане, нехан барт бохош яра, цхьаболчу бакъоларъярхошна хетарехь, Соьлж-ГIаларчу митинган дуккха а лозунгаш.

Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, низаман урхаллашка а хIинца кехаташ коьхьуьйту оьрсийн цхьацца юкъараллаша, литературан, синбахамаллин белхахоша Кадыров Рамзан, оппозиционераш мостагIийн могIара хIитторца пачхьалкхерчу бахархошна юкъа цим туьйсуш ву, даржера вохаве бохуш. Кадыровн Нохчийчоьнах урхалла ден хан чекхйолу кхо бутт гергга хан яьлча.

XS
SM
MD
LG