ТIекхочийла долу линкаш

„Истори а, синхьаамаш а“ ю Дечкен-беттан 14-чохь дIаболабеллачу Губашева Седин персоналан гайтаман цIе.

Нохчийчохь йина а, 2005-гIа шо кхаччалца цигахь яьхна а, шинна а тIеман къизаллаш а, харцонаш а шен бIаьргашца гина а йолчу сарташдахкархочуо шен белкашкахь гойту цу тIемийн ачо, тIемаша адамийн синошна бина тIеIаткъамаш.

Цунах терра дагах кхеташ а, хьовсархойн синошкахь еза лар юьтуш а ду цуьнан сарташ. Шех исбаьхьалхочух лаьцна алсамох хаа лиина, талламаш бан гIортарх я хаамийн гIирсашкахь а, я интернетехь а цунах лаьцна информаци карон хала ду, тIаьхьарчу гайтамах лаьцна масех дош доцург.

"Нохчийн Къано"

"Нохчийн Къано"

Губашева: Иза стенца доьзна ду а, ткъа иштта шен исбаьхьалле некъ маца муха болабелла а дийцира Губашева Седас Маршо радионе.Со сарташ дохкуш йолу бархI шо ду. Цу бархI шерана чохь дехкина ду ас гайтаме даьхна долу сарташ а.

ЦIахь йолчу хенахь Ростовера педагогикан иститутан исбаьхьаллин а, графикан а факультет яьккхина ас. Делахь а, цIахь тIемаш а бевлла, сарташ я исбаьхьалла юьйцучохь хьал а дацара, я суна со цкъа а цу хенахь исбаьхьалхо ю аьлла а ца хеттера.

Кхузахь со нисйелла йолаелира со сарташка ерза. Уьш гайтархьама суна ма-хеттара я цу сарташна ма-эшшара меттиг а ца карайора, цундела а хила там бу со нахана хIинца бен ца йовзар“.

Губашева Седин сарташна тIерачу нехан яххьашка хьаьжча, цара боккха тIеIаткъам бо хьовсархошна. Цхьадолчу сарташ тергалдеш хетало, цу тIерачу нехан гIайгIа а, сингаттам а дукха боккха хиларна, царех вала, генавала а, и сингаттам лан дукха халахиларна.

Ша Седас дийцарехь, цуо шен сарташкахь басаршца гойтур цунна шена гинарг, цо шен сица литтинарг а ду. Цундела хила а мега боху цуо, и сарташ хьовсархошна онда Iаткъам беш хилар.

Губашева: „Даьттанца а, акрилитца а дохкуш ду ас сайн сарташ, стилан агIо схьаэцча, цхьа абстракцехь а доцуш, цу тIехь гойтург хIун ду а кхеташ дохкуш ду ас уьш. Чулацам бийцича, тIемашкахь сайна гинарг а, айса лайнарг а ду ас гойтуш. Самукъане сарташ дац уьш, адамашка, тIом ца гиначаьрга а, ойла йойтуш, церан сих кхеташ а бу церан чулацам“.

Седин кхоллараллехь дийна схьа сери ю, автобусашна лерина, аьлча а, автобусаш а, цу чохь Iа некъахой а гойтуш. ГIайгIане IиндагIаш санна ду цу некъахойн сибаташ. Седас иштта дуьйцу и сери кхоллаяларах лаьцна.

"Доьзалш"

"Доьзалш"

Губашева: „ШозлагIа тIом болалуш хилла синхьаамаш бу ас гойтурш цу серехь. Цу хенахь массо а вахар-вар доккхачу декъахь автобусашца хуьлура.

Цхьана дийнахь, и тIом ца болалуш буьсур боцийла вай кхеттачу деношкахь, тIаьхьара сайн балхара цIайоьдуш со автобус чу аьлча, цу чохь Iаш хиллачу нехан яххьаша чIогIа тIеIаткъам бира суна.

Хилларг а, лайнарг а, кхин а тIехула тIе лан дезарг а, ган дезарг а дара церан яххьашкахь. Сан сайн юьхь а иштта юйла кхийтира со. Цу тIера дIа дахка йолаелира со автобусех сарташ“.

Сарташ дахка Даймахкана геналлехь, хийрачу махкахь йолаеллачу Седас дуьйцу, шена исбаьхьаллехь карош ерг лазамах маьрша ялар, синан паргIато ю бохуш. Дешнашца я йозанашца шена Iаьткъинарг дуьйцучу хенахь хуьлуш болу ницкъ ца хуьлу шена боху цуо басаршца болх бечу хенахь.

"ГIайгIа"

"ГIайгIа"

Белгерчу Льеж гIалахь Оруэлл Джорджан библиотекехь дIахьош болу Губашева Седин гайтам кхин цхьана баттахь, гIура беттан 2I-ра кхаччалца ган йиш хир ю луучийн.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG