ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роуханин Европе визит


ТехIранан заррат программа хьокъехь барт бинчул тIаьхьа дуьххьарлера шен Европе визит йолош ву ГIажарийчоьнан президент Роухани Хьасан. Стохка бинчу бертаца а догIуш, кху беттан 16-чу дийнахь дуьйна дуьненаюкъара санкцеш мал йина ГIажарийчоьнна дуьхьал кхайкхийна хилла йолу.

Цу гIуллакхо аьтто бина Исламан пачхьалкхан Европерчу а, Азерчу а компанешца контаркташ тIеэца. Дуьххьара Роухани Итали воьдуш ву. Римехь дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа 17 миллиард евро барамехь йохка-эцаран берташ бан мегаш бу.

Роуханица цхьаьна Европе ваха новкъаваьлла 100 сов бизнесхо а, Iедалан белхахо а, шайна юкъахь мехкадаьттан а, газан а министр а волуш. Италера дIа Роухани гIур ву Франци. Цигахь иза цхьаьнакхета дагахь ву президентаца Олланд Франсуаца.

Даханчу мукъачу деношкахь хаамаш гучубевлира ГIажарийчоь дагахь ю Airbus компанера 114 кема эца аьлла. ТIейогIучу хенахь гIажароша эца мегаш ду Iамеркин Boeing компанин некъахойн кеманаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG