ТIекхочийла долу линкаш

ДАIИШ-ан тIехь толам баккха некъах лохуш ю Iамерка а, Туркойчоь а


Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Туркойчоь а кийча ю тIеман некъаш лаха Исламан пачхьалкх (ДАIИШ) олучу тобанна тIехь толам баккхха. Цу тайпа дIахьедар дина Iамеркин вице-президенто Байден Джос, туркойн премьер-министрца Давуторглу Ахьмадца дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа. Царшимма дийцаре дина Шемахь лаьтташ долу хьал.

Цхьаьнакхетар дIадирзича хиллачу зорбанан конференцехь Туркойчоьнан премьеро билгалдаьккхира Шема хьокъехь хир долчу дийцаршкахь дакъалоцуш бакъонца йолу оппозицин тобанаш а бен хир яц аьлла. Шеман Iедалша а, оппозицино а дакъа а лоцуш дийцарш дуьйладала дезаш ду тIедогIучу кIиранах Женевехь. Царна Iуналла деш ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла.

XS
SM
MD
LG