ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министран гIовса Шубин Адама Би-Би-Си агенталлехула дIахьедина, ша Оьрсийчоьнан президент Путин коррупцин уьйрашкахь хиларх тешна ваьлла ву, аьлла.

Шубин Адам тешна ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир коррупцех воьлла хиларх, шен хьал-бахам цо дукха лерина хьулбеш латторах.

Би-Би-Си-н «Панорама» программо «Путина къайлабаьхьина лелабе бахам» цIе а йолуш яьккхинчу документалан филмехь бух а балош довзуьйту Шубина шена хуург. Оршоьтан суьйранна Британехь эфире а яьлла и филм.

«Со кийча вац Путин Владимиран бахаман мах терахьашца хадон, амма кхин тIедогIуш ахча дац а бохуш, цо оьцу пачхьалкхан алапа 110 эзар Iамеркан долларшкахь ду. Цунна дика хаьа шен хьал-бахам нахала ца боккхуш къайленеххь латтон», боху Шубин Адама.

Коррупцех воьзна вуй Путин Владимир, аьлла, шега деллачу хаттарна дуьхьал Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министран гIовса, “хIаъ, ву”, - боху.

Оьрсийчоьнан президент коррупционер хиларх лаьцна Iамеркахь дуьйцу ду дуккха а шераш.

Ткъа Кремло бакъ ца до, абсурде лору Путин къайлахчу хьолан да хилар.

Президентан пресс-секретар Песков Дмитрий реза ца хилла ингалсхоша йоккхучу филмехь хеттаршна жоьпаш дала, цунна хетарехь Iамерко шеггара кхоьллина эладитта ду Путина лелон ахчанаш лечкъийна ду бохург.

Оьрсийчоьнан президент коррупционер хиларх лаьцна «Путина къайлабаьхьина лелабе бахам» филм йоккхуш Би-Би-Син корреспондентан Билтон Ричардан аьтто баьлла хьалха Путинца гергарлонехь Iийначу, цуьнан гIуллакхаш луьстуш, тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бинчу, амма кеп-кепарчу бахьанашца Оьрсийчуьра бовда дезначу нахаца цхьанакхета.

Царех ву, масала, Таллинехь веха бизнесхо Колесников Сергей, банкахо Пугачев Сергей. Цаьрца къамел дина Билтона Францерчу Ниццехь.

Петарбухахь хьаькамаша 20 шо хьалха даккхийчу ахчанашца лелийна махинацеш толлуш хилла Зыков Андрей а, Лондонехь веха «Совкомфлотан» куьйгаллехь лаьттина Скарга Дмитрий а, Нью-Йоркера бизнесхо, Петарбухахь Путинца цхьаьна болх бина Фрейзон Макс а, кхин а дуккха а бу тоьшаллаш деш.

Цара массара а чIагIдо Оьрсийчоьнан президентан барам боцуш доккха хьал хилар.

«Путина къайлабаьхьина лелабе бахам» филман авторш тIетовжу Iамеркан къайлахчу сервисан ЦРУ-н документашна, церан барамашца президентан бахам 40 миллиард доллар бу.

ЦРУ-н талламашна тIетов политолог Белковский Станислав а, цо чIагIдарехь, Путинан доларчу активийн мах иттанаш миллиардаш долларшкахь бу.

Оьрсийчохь хилла а ца Iа Путинан цIенош, кхечу пачхьалкхашкахь а бу цуьнан цIарца мехала бахамаш, боху, масала, Белковскийс, Испанехь.

«Путина къайлабаьхьина лелабе бахам» филмехь журналиста хоьтту Белковскийга, хьайна хуучу кхайленца, Путинан бахам 40 миллиард доллар ларарх, дакъа дирий ахь ЦРУ-ца?

Белковский: "ХIан-хIа, царна шайна хууш дара иза!"

Ткъа Путина бакъ ца дира ша къайлахчу хьолан да хилар 2008-чу шарахь журналисташца хиллачу пресс-конференцехь.

Маьттазчу маттахь иштта жоп делира цо, бакъдуй, хьан долахь оццул бахам хилар, аьлла шега хаьттича.

Путин: «Берриг а гIучIа бу. Мерачуьра схьа а эцна, кехаташ тIехула дIасахьаькхна хабар ду».

Къера вац иза я тахана а.

Дуккха а пачхьалкхашкахь инвестицеш кхобучу Iамеркарчу “ХIермитаж Кепитал Менеджмент” фондан топ-менеджер волчу Браудер Билла кху муьрехь Путинан Владимиран долахь долчу хьолан хьесап дина, довзийтина прессехь.

Цунна хетарехь, дуьненахь уггаре вехаш волу стаг ву Путин. Цо 200 миллиард доллар бу боху Путинан бахам.

И дIахьедар дина Браудер Билла уггаре а дика политикан аналист ларалучу “Ньюс Вик” газетан редакторна Закария Фаридна интервью луш кху деношкахь.

Официалехь уггера хьалдолуш стаг ларало дуьнентIехь программист-компьтерхо Гейц Бил.

Ткъа цуьнан дац, Путинан ду аьлла дуьйцучу ахчанца дуьстича, 80 миллиард доллар бен!

Башхалла ю оцу шина бахаман. Гейц Била шен хьекъалца, дерриг а дуьненна а гуш, цхьа а къайле а йоцуш, гулдина шен хьал.

Ткъа Путина?

Путин къолахо ву ала мел воьлларг я эхартахь ву, я цунах ведда дуьненан еа а маьIIехь къайлаваьлла Iа.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG