ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан пропаганда кхераме хета Тбилисина


Оьрсийчоьнан пропаганда ерриг а Малхбалерчу Европана кхераме ю аьлла, дIахьедар дина Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Гигиадзе Гигис. И шен дIахьедар гуьржийн дипломато дина Тбилисехь «Оьрсийчоьнан Гуьржийчура къеда а, кIоршаме а ницкъан кхерамаш» олучу форумехь.

И форум дIахьош гIо деш ерг яра Iамеркера «Маршалан фонд». Гигиадзес дийцарехь, Оьрсийчоьнан пропагандана дуьхьало ян еза аьлла хетачу пачхьалкхаша кечъян еза леррина оьшуш йолу гIулчаш.

Тбилисерчу форумехь билгалдохуш дара Оьрсийчоь тайп-тайпана гIулчашца Гуьржийчура политикан система хийца гIерташ хилар, Гуьржийчоьнга Малхбузенна букътохийта Iалашо йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG