ТIекхочийла долу линкаш

Мигрантиййн хаттар лазаме ду Евробертана


Евробертана юкъайогIу пачхьалкхаш кийча хила еза шайн чоьхьара дозанаш чIагIдан, Туркойчоьнан а, Грецин а мигранташ совцо аьто баллалц, аьлла дIахьедар дина Чехин а, Словакин а премьер-министрша Соботка Богуслава а, Фицо Роберта а. Вышеградан тобанна юкхайогIучу Юккъерчу Европера пачхьалкхийн куьйгалхошца миграцин кризисах доьзна хаттарш дийцаре дан кхеташо дIаяхьа дагахь ву Чехин Iедалан куьйгалхо Чиллан беттан 15-чу дийнахь.

Чехийн Республика а, Словаки а, Венгри а, Полша а дуьхьал ю Европе мигранташ эхийтарна. Царна хетарг цхьаьнадогIуш дац цхьа миллион сов мухIажир тIелаьцначу Малхбузера Европерчу пачхьалкхаша дIахьочу политикаца.

Дукхах болу мигранташ Iалашо йолуш хуьлу Германи санна хьал долчу пачхьалкхе кхача, цигахь керла дахар дIанисдан. И бахьана долуш Юккъера Европерчу пачхьалкхашкахь буьсуш болу нах дукха бац. Цундела мухIажираш ерриг а Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь дIанисбан квоташ юкъаяьхна Евроберто. Цунна реза яц Чехи а, и санна йолу Юккъера а, Малхбалера а Европера пачхьалкхаш.

XS
SM
MD
LG