ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркица доттагIалла лелон лууш ву РоухIани


ГIажарийчоьнан президенто РоухIани Хьасана дIахьедар дина, шайн Iамеркин Цхьатнатоьхначу Штаташца йолу юкъаметтигаш дIанисяларе сатесна ву ша аьлла. ГIажарийчоьнан а, Iамеркан а юкъаметтигаш доттагIаллин юкъаметтигаш хила аьтто болуш ю, амма иза хилийта оьшуш долу догIа Вашингтонан карахь ду ТехIранан карахь дац, бохуш вара иза Кхаарин дийнехь Римехь шен хиллачу зорбанан конференцехь.

Кху тIаьхьарчу 20 шарахь дуьххьара Европехь визит дIахьош ву ГIажарийчоьнан президент. Иза дан аьтто хилла цуьнан кху беттан 16-чу дийнахь дуьненаюкъаралло ГIажарийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш мал яр бахьана долуш. РогIера шен визит йир ю РоухIанис Франце.

Цигахь иза цхьаьнакхетар ву президентаца Олланд Франсуаца. Парижехь ГIажарийчоьно барт бан мегаш бу Airbus олу 114 кема эца. И кеманаш оьшуш ду гIажарошна шайн тишделла Iran Air компанин кеманаш хийца.

XS
SM
MD
LG