ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан парламентерчу депутаташа Яровая Иринас а, Саралиев Шамсаила а, шайца цхьаьна кхин а ткъа депутатан аз вовшах а тоьхна, бехктакхаман дов айдар доьхуш кехат хьажийна инарла прокуратуре публицистна Пионтковский Андрейна дуьхьал.

Дечкен-беттан 23-чу дийнахь «Эхо Москвы» радион сайтехь зорбане яьккхинера публицист Пионтковский Андрейн рогIера артикл.

Билгалдаккха деза, тIаьххьарчу шерашкахь нохчийн къам, махкахь лаьтта хьал зуьйш схьавогIу журналист-публицист, оппозиционер Пионтковский Андрей.

Пионтковскийн матераил зорбане елира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, системехь йоцчу оппозицера нах «халкъан мостагIий» бу, аьлла дIахьедар динчул тIаьхьа.

Нохчийчоь маьрша йита еза, пачхьалкхан хила езза бакъонаш а елла, боху оьрсийн журналисто шен белхатIехь.

Оьрсийчоьнан Думин депутата Саралиев Шамсаила доьху Талламан комитете, Инарла прокуратуране а Пионтковскийн дIахьедарийн бух таллар.

««Эхо Москвы» радионо Оьрсийчоьнан низамашца бIостане, Нохчийчоь сийсазъеш, цуьнан авторитет йохорхьама дуьненна а хазош шайн эфирехь до экстремизмалле къамелаш.

Нохчийчоь Оьрсийчоьнан дакъа ду. 2003-чу шарахь, Кадыров Ахьмадан лаамца дIаяьхьначу референдумехь, нохчийн къомо бина шен кхетаме, цкъа а хуьйцур боцу харжам, Iер-дахар, кхиар Оьрсийчоьнца доьзна хила лаарца.

Оцу харжамо яьккхина Нохчийчоь тIамера маьршачу дахаран новкъа. «Эхо Москвы» радио, цхьана леринчу Iалашонца гIерта мехкан бахархойн дог-ойла хийца, тайп-тайпанчу къаьмнийн юкъаметтигаш эгIон».

Ишта бу Талламан комитете а, Инарла прокуратуране а парламентан декъашхоша дахьийтинчу кехатан чулацам.

«Хаамаш» (Известия) газетаца депутата Саралиев Шамсаила дина шога къамел: «Эхо Москвы» радиох эххар а, «Эхо сепаратизма» хилла. Нагахь санна Пионтковскийна а, цуьнга терра болучарна а, пачхьалкхан цхьа дакъа товш дацахь, шайна Оьрсийчуьра дIабаха меттиг лаха еза цара. Шайна даймохк лаха беза дозанал арахьа, шаьш оцу пачхьалкхийн аьттона белхаш беш хиларе терра".

Парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а ца тайна оппозиционеран кхайкхамаш. Къаьсттина Пионтковсийн дешнаш: «Дукха хан ю оха нохчий Оьрсийчоьнан бахархой ца лору, я церан гIаланаш, ярташ а оьрсийн а ца хета» боху дакъа.

Кхеташ дац, яздо спикера, публикацин авторо «оха ца лору» бохучу маьIнан ойла йича, мила вуьйцу цо шеца цхьаьна? Оьрсийчоьнан къам я дозанал арахьара шена тIехь урхалла деш берш?

Ишта Думин кхерамзаллин комитетан хьаькамо Яровая Иринас дехар дина инарла прокуроре Чайка Юрийга, журналистан Пионтковский Андрейн Нохчийчоь Орсийчоьнан долара якхха еза, бохуш бина кхайкхамаш, экстремизмалле лоруш белахь, цуьнга бехктакхаме гIуллакх кховдадай, низамашца доггIу таIзар дахьара, аьлла.

Дикка хан а ю Оьрсийчоьнан оппозиционеро Пионтковский Андрейс Нохчийчуьрчу хьолах ийза ца луш зорбане публикацеш йоху. Цул совнаха, Кремло лелочу харцонашна а ца лаьтта иза юьстах.

Хьалхо цо язъйина артикл «Проект «Кадыров» а, гарехь мехкан куьйгалхочун бIаьрг тIе ца хIуттуш йисинчу тера ду, хIунда аьлча, Соьлж-ГIалахь карарчу баттахь хиллачу митингехь бахархойн карарчу транспоранташна тIехь охьабагарбечу оппозиционерашлахь яцара Пионтковскийн цIе.

Пионтковский Андрейс дийцира Маршо Радионе, Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъастаро шина а агIонна дика дохьур ду, цхьаъ делахь, Оьрсийчоь мукъаера ю ша эрна ечу харжех а, цхьа а хьакъ доцуш Нохчийчоьнан куьйгалхошна мохк лолле латттош гIодарна, ясакх яларх а.

ШолгIа делахь, цкъа а оьрсех боьра боцу нохчий а бевр бу мукъа, Оьрсийчоьнан оллаллех.

Ишта яра Пионтковскийс масех зорбанехь кху тIаььхьарчу баттахь дIакхводийна ойла.

Пионтковский: «Соьга кхийдош бехктакхаме гIуллакх ду тахана, пачхьалкхан лаьттан цхьаалла йохорна, набахтехь даккха 5 шо хан йогIу бохуш, кхерамаш туьйсуш. Ас зорбане йоху публикацеш бахьанехь ду и. ТIаьххьарчу 2000-чу шарахь нохчийн, оьрсийн юкъаметтигаш йоьхна, телхина. Цуьнах лаьцна дика яздина Толстойс "Хьаьжа-Мурд" шен кинжкитIехь.

Цхьана пачхьалкхехь даха вай хьакъ дац, дIасакъаста деза вай. Нохчийчоь маьрша йита еза, цуьнгахь юьтуш пачхьалкхан хила еза бакъонаш, Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш а латтош.

Тахана шалхаллашца йолчу, «Кадыров» харцонан проектал а гIоле хир ду Нохчийчоь дIакъастаяр. 10 шарахь ма-дарра долу сурт къайла а даьхьна лийли, гарехь цуьнан зама чекхъяла герга яхана. Сайн материалехь ас даладо политологан Фурманан дешнаш, цо 15 шо хьалха яздина долу: "Нохчийчоь Оьрсийчоьнца йозуш хилар дуста тарло, шен дегIаца сахьто юлу бомба йоллучу адамах, и бомба цхьана муьрехь оьккхур а йолуш». Хьоло оцу тIе вай кхачош а ду».

Пионтковскийна хетарг мухха а делахь а, карахь мукъболучара шайна цуьнан къамелаш цатарал а сов, хаийтина, шаьш иза нацкъар воккхуш, набахте дIахьажон гIоьртар дуйла.

Гуш ма-хиллара, Пионтковскийна кхаьчна хIинца ша Оьрсийчоьнан дуьхьа лелаш а ву, шен къамелашца жолам а дац баха рагI. Мила тоьлур ву боху хаттар хIоттийча-м ду, Пионтковскийна Дала диканиг хьоьгIийла бохучохь.

Мел хилла Пионтковскел хьалха, и санна а луьйш, Iедало набаштешкахь дIалакъийнарш ойла йича-м муххале а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG